Суьдхочун Янгулбаевн юккъера кIант федералан лехамашка велла
Baza телеграм-каналан хаамашца, нохчийн бакъоларъяран органийн белхахоша лачкъийна Соьлжа-ГIала дIайигинчу Янгулбаев Сайдин хIумсамнанна дуьхьал а даьккхина бехкзуламан гIуллакх. Мусаева Зарема бехкейина Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна. Полицин версица, МВД-н цхьахволчу белхахочун юьхьтIе мIараш тийсина цо, Лахара Новгородера Соьлжа-ГIала ша схьакхачийча.
Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу МВД-н белхахой ду аьллачу наха Лахара Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран петарна чулилхинера. Суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а лаьцна Нохчийчу дIадига документаш дара цаьргахь, курхалла лелорца доьзначу гIуллакхан хьокъехь тешаш санна цаьрга хеттарш дан. Суьдхочун статусехь волу Янгулбаевна тIекховда бакъо яцара церан, цундела цхьа Мусаева бен ца йигинера.
Дечкен-беттан 23-чохь Нохчийчоьнан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана чохь яккха 15 дей-буьйсий хан тоьхна полисхочунна тIелатарна а, иза аьшнашварна а аьлла.
Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIарна кхерамаш туьйсуш. "Оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу набахте йа лаьтта бухахь" аьлла, дIахьедира цо.
Евроберто кхайкхамбина Оьрсийчоьне Мусаева Заремя маьрша яккха аьлла.