Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Соьлжа-ГIалахь ЯнгулбаевгIарна дуьхьал митинге арабаьхна Iедалан белхалой а, студенташ а  

Соьлжа-ГIалахь ЯнгулбаевгIарна дуьхьал митинге арабаьхна Iедалан белхалой а, студенташ а  

Соьлжа-ГIалин коьртачу майданахь дIаяьхьина нохчийн къоман ЯнгулбаевгIарна дуьхьало ярна тIехь цхьаалла гайта хIоттийна митинг. Нохчийчуьрчу Iедалхошна хетарехь и доьзал бу Кадыровна критика ечу анониман 1ADAT телеграм-каналаца боьзна.  

Гулбеллачарна хьалха бистхилира нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад а, муфтий Межиев Салахь а, кхинболу Кадыров Рамзанна уллора официалан хьаькамаш а, иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзал а.  

ГIалин юккъехь митинг хIоттийначу меттехь яьхна видеошца дуьстича, гулвелларг ву масех эзар стаг. Ткъа пачхьалкхан ЧГТРК "Грозный" каналан хаамца майданехь вара 400 эзар стаг. Церан карахь дара хьалххе кечдина цхьанатайпа плакаташ, тIехула сизаш хьекхна ЯнгулбаевгIеран суьрташ а долуш, гулбеллачара уьш хIаллакдо, тIе гIожмаш етта, хьоьшу когашца. Иштта кхузахь ю ЯнгулбаевгIеран ден а, кIентийн суьрташ дагош латийна цIе.  

Нохчийчохь эпидемин дуьхьал шога дехкарш лаьтташехь, полисхой юкъа а ца гIерташ дIаяьхьира шортта нах гулбелла и акци, цул сов, митинган декъашхой лаьттара тIехь туьтмIаьжигаш а йоцуш.   

"Сий долу Шейх, эвлияъ Кунта-Хьаьжи ЯнгулбаевгIеран доьзало сийсазварна шога дуьхьалонан протест йира гулбеллачара, хIуъа дай а, уьш Оьрсийчоьне схьабалийта хьовса элира", - боху пачхьалкхан телеканало бинчу хаамехь.

Иштта гулбеллачара тIедожийра Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна бехкзуламан жоьпалла тIедожор "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" кхоьллинчу Каляпин Игорьна а. Оьрсийчохь ехкар  "Дождь" телеканал а (Оьрсийчохь арахьарчу агентан функцеш кхочушъеш ю аьлла), "Новая газета" а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" а.

Митинг хIоттаяле хьалха IАДАТ телеграм-канало зорбане дехира, студенташна-божаберашна митинге дахкар тIедуьллуш мессенджерашкарчу чаташкахь динчу йозанийн скриншоташ. Иштта тIедиллинера царна коьрта техкина  песаш хилийта аьлла. Митинге кхуьйкхуш Соьлжа-ГIаларчу бюджетан организацешкахула динчу йозанийн скриншоташ а яра телеграм-каналехь зорбане яьхна.

"Шаьш дуьйцург а, лелориг а хIун ду ца хуучу Нохчийчоьнан Iедалхоша шаьш хьийзош и хIара истори. Нохчийчуьрчу суна бевзачара, оццу митингера, суьрташ дохкуьйту соьга – тхо бертаза далийна ду кхуза, царех ма тешалахь, бохуш. Нохчийчоьнан Iедалан кхерабалар гайтар ду хIара. Кремлан гIоьнах ша хедаш вуйла гуш ду Кадыровна. Кремлана гайта гIерта иза, нохчий шегахьа бу бохуш, амма Кремль цкъачунна геннара оцу историн терго а еш Iаш ю", - аьлла Кавказ.Реалиига бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара.

Иштта цо билгалдаьккхина, митинг цхьа а бахьана а доцуш тIехъязйина ю, хетарехь, цо кхин а тIе оьгIазоьхуьйту Нохчийчуьра бахархой аьлла.

 

Дечкен-беттан 20-чохь Нохчийчуьрчу МВД-н белхахой Лахара Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу а лилхина, тIе бедар юха а ца юьтуш, бертаза лаьцна йигира Соьлжа-ГIала, теше санна хеттарш дан аьлла, бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема.

ТIаьхьо мехкан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана чохь яккха 15 дей-буьйсий хан тоьхна полисхочунна тIелатарна а, иза аьшнашварна а бехкейина аьлла. Цул тIаьхьа информаци яьржира, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллина полисхочунна ницкъ дуьхьал баьккхина аьлла, бехке а еш – 24 сахьтехь инсулин доцуш некъ бинчу цомгашчу зудчо ша лацарх протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла.

1АДАТ телеграм-канал а кхоьллина, цуьнан модераторш бу бохуш, бехкебо нохчийн ницкъхоша ЯнгулбаевгIеран вежарий. Хаамбира, де хьалха Янгулбаев ИбрехIимна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, каналехь посташ хIитторна аьлла.

Нохчийчоьнан Iедалхоша флешмоб вовшахтоьхна, цуьнан гурашкахь мехкан кIоштийн бахархоша дIа а язъеш, видеош яржийна, ЯнгулбаевгIаьрга "доллу къоман сий ма дайа" бохуш, кхайкхамаш беш. Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентан депутат волчу Делимханов Адама "коьртеш дохур ду" элира ЯнгулбаевгIеран а, шен къамел оьрсийн матте гочдечийн а.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Полная стоимость потребкредитов в крупных банках выросла до 60%

Прыгунья в воду Трифонова из-за Игр БРИКС не очень хорошо сдала экзамены в школе

Юлиана Княжевская: Дом по реновации построят напротив усадьбы Черемушки-Знаменское

Москва и Пхеньян договорились помочь друг другу в случае нападения извне

Музыкальные новости

Автопробег в честь Дня России прошел в Ленинском округе

Кинопродюсер.

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!

В аэропорту Пулково задержали шесть рейсов и отменили еще один

Новости России

Ростех создал уникальные супернадежные сплавы для морских газотурбинных двигателей

В районе Вешняки построят физкультурно-оздоровительный комплекс

Удивительно, что эвакуировали первым, когда Гитлер подходил к Москве

Мигрант пришел в церковь на юго-западе Москвы, задул свечи, а затем напал на прихожанку

Экология в России и мире

Доктор Кутушов: не стоит носить кроссовки в жару

Tod's, коллекция menswear весна-лето 2025

Лучшим наставником АО «Желдорреммаш» 2024 года стал работник Ярославского ЭРЗ

Три спектакля о любви, которые можно посмотреть этим летом

Спорт в России и мире

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосхе

Овечкин, Яковлев, Фридзон и Мыскина сыграли в падел-теннис в Турции: «Победила дружба»

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Moscow.media

В МЧС объяснили появление пожарных у театра "Теремок"

BIA Technologies повысила производительность сборки специй в компании FOSFOREL на 15%

Hyundai привозит в Россию старый добрый седан по цене LADA Vesta

Храм Преображения Господня в Коммунарке







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *