Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровс шена кхерамаш тийсинчул тIаьхьа Гуьржийчуьра дIавахана бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакар

"Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" хилла юрист Янгулбаев Абубакар шен кхерамазалла ларъярхьама ша ГIуран-баттахь дуьйна Iийначу Гуьржийчуьра дIавахана. Хьалхо Янгулбаевна а, цуьнан доьзална а биллина кхерамаш тийсира нохчийн Iедалхоша а, Оьрсийчоьнан парламентан депутата Делимханов Адама а.


Янгулбаев Абубакара Кавказ.Реалиига дийцира, Тбилисерчу нах лелачу меттигашкахь шен терго йеш хиларх хаам кхаьчна шега, аьлла.


"Цуьнах лаьцна соьга хаам бина кхерамазаллехула болчу говзанчаша. Сайна тIехь бевлла нах ца хаабелира суна, ткъа цо гойту, со тоъал говза цара ларвеш хилар. Кхерамца ловзарш ца лелош, цигара дIаваха сацам бира аса. Билггал, и тергамбар лаккхарчу хьаькмаша тийсинчу кхерамех боьзна бу – Кадыров Рамзана а, Делимханов Адама а, нуьцкъаллин органийн куьйгалхоша а", - дийцина бакъоларъярхочо.


Янгулбаевс Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочунга Бастрыкин Александре Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, республикан нуьцкъаллин урхаллин белхалойн а дIахьедарш таллар дехна, верна кхерамаш тийсарна, чIир бахьана долуш стаг вере кхайкхамаш дарна, гамо а, мостагIалла гIатторна а тIехула. Текст Янгулбаевн телеграмерчу каналехь ю.


Оьрсийчоьнан парламентан депутата Делимханов Адама шен инстаграмерчу агIонехь йолийначу эфирехь ЯнгулбаевгIеран вежарийн гергарчарна кхерамаш тийсира уьш боъур бу, бохуш. ШолгIачу дийнахь и кхерамаш хазийра кхечу лаккхара нохчийн нуьцкъаллин структуран белхалоша а. Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думин Нохчийчуьрчу депутата бакъоларъярхошна тийсина кхерамийн мах хадо ца хIоьттира президентан Путин Владимиран пресс-секретарь Песков Дмитрий.



Нохчийчуьрчу Iедалхошна суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин кIентий 1ADAT оппозицин телеграм-каналаца боьзна хета. Юккъерниг, ИбрахIим, оцу каналехь арахецна материалаш бахьанехь гIаттийначу бехктакхаман гIуллакхехула лаца кхайкхийна ву.
Нохчийчуьрчу Курчалойн кIоштан МВД-н декъан куьйгалхочо Агуев Рустама кхайкхам бинера Европехь бехачу нохчашка, ЯнгулбаевгIеран доьзалхойн коьртеш тIера а дахий, уьш Соьлжа-ГIала схьада, аьлла.
Дечкен беттан 20-хь Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина нуьцкъаха, тIе йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Цкъа дуьххара Мусаевана кхело I5 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта ницкъ бина аьлла, бехке а еш.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *