Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Меттигерчу блогерийн "махкана а, халкъана а хьалхарчу" декхарех лаьцна дIахьедина нохчийн министро

Нохчийчохь бехачу блогерийн "махкана а, халкъана а хьалха" декхарш ду аьлла, дIахьедина регионан информацин министро Дудаев Ахьмада. Инстаграмехь бинчу шен кхайкхамехь цо билгалдаьккхина, дуьйцург Iедалан кеп-кепара гIуллакхех лаьцна -спортера бизнесе кхаччалц дIасадаржор ду аьлла.


Хьаькамна хетарехь, социалан машанашкахь шайн агIонаш "хьалхатоьттучу" меттигерчу блогерша Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, цуьнан гонан а къахьегарх пайдаоьцу.


"Регионан куьйгалхочун Рамзан Ахматовичан къинхьегам бахьана долуш, тахана дика дехаш ду вай, кеп-кепарчу эксперташа нехех республика цIанъян [ши тIом бирзинчул тIаьхьа] 50 шо луш хиллашехь", - дIахьедина Дудаевс, "шен кхайкхам "дехар а, тIедожор а" лара мегар ду аьлла, билгалдоккхуш.




Хьаькамо чIагIдо, "махкара маршо бахьана долуш" нохчийн блогерийн социалан машанашкахь ахча доккхийла ю.



Керлачу оцу дIахьедарца вистхилла Дудаев, Кадыров Рамзанан режимна критика ечу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзална тIаьхьабевлла лелачу юкъанна. Дечкен-беттан 20-чохь Нижний Новгородерчу шен хIусамера лачкъийра бакъоларъярхочун нана Мусаева Зарема. Соьлжа-ГIалахь лаьцна латтош ю иза, Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахочунна дуьхьал ницкъбаьккхина аьлла. ЯнгулбаевгIеран ши ваша а, да а, йиша а махкара дIабахна. Ша а Оьрсийчуьра дIавахара Янгулбаев Абубакар. Кху деношкахь хаамбира цо, Кадыровс шена кхерамаш тийсинчул тIаьхьа Тбилисехь шена тIаьхьабевлла хиллера, цундела цигара а дIавахна ша аьлла.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *