Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Оьрсийчоьнан Мюнхенера векалтна хьалха Нохчийчохь лелочу таIзаршна дуьхьала акци дIаяьхьна

Оьрсийчоьнан Мюнхенера коьрта консульствана хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна критика ечу нехан гергарнаш лечкъорна а, уьш хьийзорна дуьхьал митинг дIаяхьна. Коьртачу декъанна акцехь тидаме лаьцнера ЯнгулбаевгIеран доьзал, Нохчийчуьрчу Iедалхошна хетарехь, уьш бу оппозицин 1ADAT телеграм-канал лелораш.


Консульствана некъал дехьа хIоттийначу оцу митингехь дакъа лецира 70 сов стага. Гулбеллачеран карахь дара плакаташ "Буданов – Ахьмадан некъан хьалханча" (оьрсийн полковник Буданов Юрий 10 шарна чувоьллира 2003-чу шарахь 18 шо долу нохчийн йоI Кунгаева Эльза лачкъа а йина иза ерна, 2011-чу шарахь иза вийра хенал хьалха набахтера маьршаваьлча – ред.), "Со/Тхо ЯнгулбаевгIара", "Мусаева Заремина – маршо", "Кадыров дуьненаюкъара террорист ларар доьху оха". Плакаташ оьрсийн, немцойн, ингалсан а меттанашкахь дара, ткъа гулбеллачара нохчийн мотт буьйцура.


1ADAT боламехь Мусаева Зарема лачкъор а, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккхар а гайтаме ду, аьлла. "ЯнгулбаевгIара хьийзор доьзна ду кадыровгIарна уьш тхан куьйгалхой хетарца, цундела митингехь тхан жигархоша дIахаийтина 1ADAT – иза къоман болам хилар а, цунна тIехьбоьвлла лелар иза сонталла хилар а", - дIахьедина жигархоша.


Оцу тайпа дIахьедарш деш митинг оцу дийнахь хIоттийра Стокгольмехь а. Цигахь вистхилира Масхадов Анзор – тIе ца эцначу Нохчийн республика Ичкерин президентан Масхадов Асланан кIант. Цо а, кхинболчу декъашхоша а дийцира Нохчийчуьрчу Iедалхоша лелочу харцонех, цара нах лечкъорах, уьш байъарх лаьцна.



Дечкен беттан 20-хь Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина нуьцкъаха, тIе йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Цкъа дуьххара Мусаевана кхело I5 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта ницкъ бина аьлла, бехке а еш.
Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира нохчийн къоман ЯнгулбаевгIарна дуьхьало ярна тIехь цхьаалла гайта хIоттийна митинг. Нохчийчуьрчу Iедалхошна хетарехь, и доьзал бу Кадыровн критика ечу анониман 1ADAT телеграм-канал лелориг. Митингехь дагадора, хьоьшура, этIадора ЯнгулбаевгIеран доьзалхойн суьрташ, иштта нисса дIа кхерамаш а туьйсура царна. Нохчийчоьнан Iедалхоша бахарехь, гулвелларг вара 400 эзар стаг. Ткъа боьзнабоцу тергамхойн хаамца, и нах ткъозза кIезга бара.
Францерчу Страсбургехь Дечкен-беттан 8-чохь митинг хилира, Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь болчу жигархойн а, блогерийн а гергарнаш лечкъорна а, оьрсийн набахтешкахь бала хьегийтарна а дуьхьал. Акци вовшахтоьхначех яра, даймахкара дIабахначу Нохчийчуьрчу бахархойн юкъараллийн организацеш вовшатухуш йолу Европерчу нохчийн Ассамблея а, Евробертан исс пачхьалкхера жигархой а.
ГIуран-беттан 30-чохь Венерчу адамийн Бакъонийн майданахь а хIоттийра митинг Нохчийчохь нах лечкъорна а, нохчашна Оьрсийчу депортаци ярна а дуьхьал. Изза митинг дIаяьхьира оццу дийнахь Норвегин коьртачу гIалахь Ослохь а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *