Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Адвоката дийцина Нохчийчохь лаьцна латточу Мусаева Заремера хьолах лаьцна

Адвокаташ юха а бахана Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латточу нохчийн бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема йолчу, иза Нижний Новгородера ядийна дIа а йигина, лецира полисхочунна тIекхетта, аьлла бехке йина – дийцарехь, зудчо цуьнан бетах мIараш тесна.


Цуьнан хьал адвоката Добронравова Натальяс билгалдаьккхина чолхе санна, ткъа ша чохь латточу изоляторера хьелашна арз ца дира цо. Юриста дийцарехь, СИЗО-н белхалой кхеташ бу Мусаеван хьолах, цул сов, цIера кхача а латтабо цара цунна. Бехкеечунна селхана чукховдийра бедарш, молханаш, цIийн Iаткъам а, глюкоза а дусту гIирсаш (тонометр, глюкометр) – Мусаева диабетах бала хьоьгуш ю.


“СИЗО-на дина аьрзнаш дац, ФСИН-ан белхалой цуьнга дика хьовсу – верриг хуьлучух кхеташ ву. Нуьцкъахоша лелийначух, церан сацамашна а дуьхьал аьрзнаш даран болх бу дIахьош, зуда дIалацаран хьокъехь бина сацамна а цхьаьна”, - аьлла Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Янгулбаев Абубакара.


Цо билгалдаьккхира, ше нанас адвокаташка болх байтарна мел оьшу кехаташна куьг яздина хилар, бакъ дац цо адвокаташ шена тIе ца битина бохург, хьалхо МВД-н белхалоша Мусаевас куьг яздича санна кеп хIоттош кехат гайтинехь а.



Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьра полисхой ду аьла нах, Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхира. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхна тIехула тешашка санна, цаьрга хеттарш дан деза аьлла, бертаза Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а Нохчийчу схьадаладе аьлла, девзина доцу кехаташ дара цаьргахь. Эххар а ницкъахоша Мусаева Зарема дIайигира шайца, Янгулбаевн суьдхочун статус хиларна, цунна тIекхоада бакъо а ца хилла.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто дIахьедар дира журналисташка, Нохчийчоьнан Iедалхоша иттаннашкахь нах лецарх, лечкъорах, иштта эмиграцехь бехачу нохчийн бакъонашларъярхойн а, оппозиционерийн а гергарнаш цхьаьана, яьржинчу информацино сагатдо шайн аьлла. ДIахьедарехь ша хьахийра Мусаева Зарема.
Талламан комитетан Нижний Новгородерчу Урхаллехь реза ца хилира Янгулбаев Сайдин петар чулилхинчу МВД-н белхалойн дуьхьала таллам болон. Талламан комитете арз кховдийнарг вара “Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан” председатель Бабинец Сергей, урхаллин сацам къовса дагахь ву иза.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *