Нохчийчохь Кадыровн берийн хилла тренер вице-премьеран дарже хIоттийна
Нохчийчохь республикан урхаллин председателан гIовсан дарже ваьккхина Эдилов Iабдул-Керим. Урхаллехь цо тидамехь латтор ду кегийрхойн политикан а, спортан а, иштта бюджетан ахча дайъарна тIехь контроль латторан хаттарш а. Эдилов – иза Кадыровн берийн хилла тренер а, иэдина летаршкахула спортхо а ву.
Керла вице-премьер хIотторах лаьцна Кадыровс хаамбира министрийн кабинетан декъашхошца хиллачу кхеташонехь: "Керлачу даржехь Эдилов Iабдул-Керимна хьалха лаьтташ вуно хала а, жоьпалле декхарш ду. Со тешна ву, цо шега кховдийна тешам берриг къобалбийра хиларх", - даладо Кадыровн дешнаш "Грозный-информ" агенталло.
Хьалхо Эдилов Iабдул-Керим Нохчийчоьнан куьйгалхочун секретариатан хьалханчан даржехь вара.
2019-чу шарахь нохчийн латархо Эдилов UFC-н контракташкара дIахадийнера: промоушенехь кхиамаш даха нохчийн спортхочунна новкъарло йира чевнаш а, 2016-гIа шо долалуш чекх ца яьккхинчу допинган тесто а. Нохчийчохь харцдора Эдилов UFC-ра дIаваьккхина бохург, тIечIагIдора, иза шен лаамца дIавахна хилар, Кадыровца къамел хиллачул тIаьхьа.
Маршо Радионо масийттаза яздира, низамаш кхолларан, уьш кхочушдаран Iедалан урхаллин даржаш дIалоьцу Кадыровн гергарчара а, юьртахоша а. Дахначу шарахь дуьйна лаккхара даржаш кхочу хIинца даккхийхиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун берашка.
2017-чу шеран ГIуран-баттахь Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн Министралло санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Урхалло бехкевира иза кхелан сацам а боцуш нах байъарна, Iазапехь латторна а, кхинйолу адамийн бакъонаш хьешарна. Санкцийн тептаре баьхна Кадыровн гонера кхин а хьаькамаш а, нуьцкъахой а.