ГIирмерчу Iаморашкара тIемалой Нохчийчу юхаберзорах лаьцна хаамбина тIеман Министралло
ТIеман Министраллин хаамца, Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера Къилбан тIеман гонера 58-чу эскаран декъана юкъайогIу 42-гIа гвардин дивизи Нохчийчуьра шайн гуттара дислокаци хиллаче юхадерзор дIадолийна.
Чиллан-беттан 17-хь Ханкала дIакхача езаш ю дуьххьара тоба, хаамбо РИА "Новости" гIирсано тIеман Министраллина тIе а тевжаш. ТIеман техника а, салтий а аьчкан некъахула дIабуьгуш бу. Некъан бахалла 1,5 эзар километр ю. Бронетанкийн а, машенийн а техника аьчкан некъан платформаш тIера охьаяха буьйлабелла тIемалой.
2021-чу шеран гурахь дуьйна малхбузерчу зорбанаша яздора Оьрсийчоь Украинана тIелата кечлуш ю, бохуш. Кремло а, арахьарчу гIуллакхийн Министралло а масийттаза тIе ца дитира Украинаца тIом болон дагахь хилар, ткъа дозана йисте дIагулдина эскар Iамораш деш ду, бохура.
Селхана Американ тIеман министро Остин Лойдаса дIахьедира, Оьрсийн тIеман Министралло тIе ца дитахь а, Оьрсийчоь соцуш яц Украинан дозанашка эскарш гулдечуьра. Цуьнах тера дIахьедарш дира НАТО-н коьртачу секретара Столтенберг Йенса а, Британин тIеман къайлахчу талламан куьйгалхочо Хокенхалл Джимо а.
ОБСЕ-н хаамашца, цхьана денна-буьйсанна чохь Донбассехь 500 эккхийтарш хезира. Украинан тIемалоша хаамбира Киевн куьйгакIел йолчу Луганская-эвлана тIе тоьпаш йиттина хилар, цигахь кхийсина снарядаш берийн бешан гIишлонна тIе кхетта.
Хьалхо тидамхоша билгалдаьккхира, Украинехьа дирзина новкъадевлла Росгвардин нохчийн тIеман декъаш хилар, Кадыров Рамзанан куьйгакIел долу.
42-гIа гвардин дивизи Нохчийчу дислокаци еш йоссийна елахь а, Кадыровн контролехь ца лору.