Москвахь митингехь ОМОН-н белхахойх тийсавеллачун таIзар тIечIагIдина
Цунах лаьцна хаамбина "Новости" агенталло, кхелан пресс-гIуллакххошна тIетевжина.
Стохка Марсхьокху-баттахь Iедалан векалшна дуьхьал кхаа эпизодехь ницкъ баккхарна бехкевинчу Джумаевна Москварчу Тверскойн кхело набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхийра.
2021-чу шеран Дечкен-баттахь Навальный Алексейгахь Москвахь хIоттийна митинг йирзинчул тIаьхьа видео гучуелира, Джумаевх тера жимстаг ОМОН-на белхахойх тийсалуш. Цуьнга бехк кховдийра бакъоларъяран органийн белхахошна дуьхьал ницкъбаккхарна. Дечкен-беттан 28-чохь Псковн кIоштахь лецира иза, хетарехь, Евросоюзца долу доза хадон гIертачу заманчохь.
Митинг дIаяьллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама дош делира Оьрсийчоьнан Iедалхошца Джумаевн "хаттар листа", нагахь санна, иза оьрсийн оппозицигахьа вацахь.
Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада Дечкен-баттахь элира, Кадыровс "дерриг дира цуьнан кхоллам аттачу боккхуш", амма Джумаевс "кхин некъ хаьржина". Даудовна хетарехь, тIехь да воцуш кхиина Джумаев, вон Iамийна арено – аьлча а, Оьрсийчохь.