Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Оьрсийчоьнан регионашлахь Дагестан, Нохчийчоь ю уггар дукха дотацеш еллачех ю

Федералан бюджетера уггар а дукха дотацеш кхаьчначу Оьрсийчоьнан регионашлахь хьалхара а, кхоалгIа а меттигаш дIалаьцна Дагестано а, Нохчийчоьно а.  2021-чу шарахь субъекташна делла цхьа триллион сов сом.


Диллинчу хьастийн хаамашца, 2021-чу шарахь Дагестанна кхаьчна 77,5 миллиард сом. Уггар лакхара гайтами бу иза Оьрсийчоьнан регионашлахь. ШолгIа ю Якути (56 миллиард), кхоалгIа – Нохчийчоь ю 51,8 миллиард соьмаца, хаамбо РБК агенталло. Ма-дарра аьлча, дотацеш алсам кхочучу пхеа субъекташна (аннекси йина ГIирма а лерича) федералан центро регионашна дала дезачу ахчанан доьалгIа дакъа кхаьчна.


Экономистана Потапенко Дмитрийна хетарехь, дотацеш латтор цхьана Къилбаседа Кавказана хилла ца Iа, иза федералан центран политика ю.


"80 гергга регионашлахь донорш вайн ворхI бен вац. Цхьа бух а болуш деш хIума ду иза, иза урхала даран схема ю. Экономикан агIор хьо возуш ца хилча, хьан таро ю, федералан центрна оьшуш доцу, йозуш йоцу политика дIакхехьа", - билгалдаьккхина эксперто.


Къилбаседа Кавказан башхалла юьйцуш, Потапенко Дмитрийс тидам тIебохуьйту "дуккха а болчу къоначу а, "мецачу" а бахархошна. Ткъа массо а революцеш юьйлалора, "меца" кегийрхой дукха болчу меттигашкахь. МаьIна доцуш дара Iедалхошна, хIоьттина хьал шайн куьйгакIел ца латтор, иштта латтош ду-кх дотацешца.



Оьрсийчуьра Къилбаседа Кавказан регионашкарчу социалан-экономикан хьолах лаьцна хIитточу дукхахйолчу рейтингашкахь мехкаш тIаьххьарчу могIаршкахь хуьлу. Царна юккъехь уггар къаьсташ ю Нохчийчоь, кхечу оцу кепарчу гайтамашкахь уггар а кхачамбоцург – белхазалла. Балхахь боцчу нахана компенсацеш яларца, Росстатан зерашца, Нохчийчоь хьалхарчу меттигехь ю Оьрсийчохь.
Къилбаседа Кавказан ялх республикех пхиъ аутсайдер ю налог гулъярехь. 2021-чу шеран зерашца, царна нисъелла йоллу пачхьалкхехь гулйина 0,2 процент налог. Оццул кхаьчна ала тарло йисинчу ялхолгIачу республикана – Дагестанна.
Оьрсийчоьнан регионашлахь пачхьалкхо хIоттийначу лахарчу барамца (МРОТ) уггар кIезиг алапаш оьцу нах дукха хиларца билгалъяьккхина Къилбаседа Кавказан пхи республика.
Инвести ян бIегIийла долу мехкаш толлучу Оьрсийчоьнан регионашлахь тIаьххьара хилира стохка Чиллан-баттахь Къилбаседа Кавказан республикаш. Нохчийчоь а, Дагестан а – 77-чу а, 78-чу а меттигашкахь, 80-чу могIарера 85-чу могIаре кхаччалц дIатаръелира ГIалгIайчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Тыва, ГIалмакхойчоь, Кхарачой-Чергазийчоь.
Дечкен-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, республика хьашташна федералан центро шарахь 300 миллиард сом ло аьлла. "Суна а моьттура, вайна къаьстина Ичкери оьшура аьлла. Амма, ас дуй буу, вай кхаа батте а девр ма дац. Ойла яйша, Оьрсийчоьнан махкана, Нохчийчоьнан республикан халкъан хьашташна цхьана шарахь 300 миллиард дойу, - дIахьедира Кадыровс, Нохчийчоьнан дозана тIехь "газ а, мехкадаьтта а, серло а яц" аьлла, тIе а тухуш: 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *