Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчуьра Кадыровн куьйгакIелара Росгвардин эскархой Украине боьлхуш бац

Соьлжа-ГIаларчу коьрта маьждигна  хьалха гулвина Нохчийчуьра итт эзар сов Росгвардин эскархо Украине хьажош вац. Цунах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиига регионера бакъоларъяран органашкарчу хьосто.


Къамел динчо бахарехь, республикерчу шайн базашка юхабаьхкина, маьждига хьалха гулбина хилла, Кадыров Рамзанна муьтIахь болу эскархой. "Юьхьанца дуьйна а хьехош дацара уьш Украине буьгур бу аьлла. Цига баха кийча хиларх дара къамел", - билгалдаьккхина хьосто.


Карладоккху, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана журналисташка хаамбира, эскарш дехьадахарх цхьана а кепара сацамаш бина бацара аьлла. Цо къастийра, нохчийн ницкъахой "муьлххачу а дозана тIе, муьлхха а лерринчу операци, Оьрсийчоь Iалашъярхьама" баха кийча хиларх.


Юха а рогIера ша Кремльна муьтIахь хилар гайта гIерта Кадыров, хIунда аьлча, Росгвардин эскархой маьждига хьалха сурт хIоттош, гулбинера цо аьлла Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Европехь вехачу политолога Адамов Мохьмада.


"РогIера цирк ю хIара Кадыровс гойту, кхин хIуммаъ дац. ЯнгулбаевгIаьрца хилла йоккха истори бахьана долуш оьгIазе бу цунна. Цундела, хIуъа дина а Кремльна дIагайта гIерта иза, ша тешаме ву аьлла. Ма-дарра аьлча, Украинаца бала болуш хIума дац", - тIетоьхна Адамовс.



Хьалхо Маршо Радионо яздира, масийтта эзар Росгвардин эскархой тIеман барзакъца дIахIиттийнера Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждигна хьалха, цул тIаьхьа лерринчу техника тIехь майданара дIабахара уьш аьлла. Кадыров Рамзанна муьтIахь долчу цхьа могIа телеграм-каналийн хаамашца, Украине тIаме хьовсош бу бохура уьш.
Чиллан-бетан 24-чу буса Оьрсийчоь тIамца чугIоьртира Украинана. Оьрсийчоьнан тIелатар бахьана долуш, ООН-н зерашца, мел лахара а велла 25 маьрша вахархо, 100 сов ву чевнаш йинарг. Украинан президенто Зеленский Владимира дIахьедира, 137 эскархо верах а, 316 лазорах а.
Чиллан-беттан юьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира 30 шо долчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзална, хIаллакбийр бу аьлла. Цул хьалха бертаза Нижний Новгородера Нохчийчу дIайигира кадыровхоша бакъоларъярхочун нана Мусаева Зарема. ЯнгулбаевгIеран доьзал Оьрсийчуьра дIабахна. Дуккха а эзарнашкхаь нах гулбина, Соьлжа-ГIалахь митинг хIоттийначу дийнахь, Москва Путин Владимирна тIекхайкхира Кадыров. ЯнгулбаевгIеран гонах долчу хьолах лаьцна еша тарло Маршо Радион материалашкахь. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *