Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровс бакъдина Украинехьа тIом беш нохчий хилар, царна кхерамаш тийсина цо

ТIеман барзакъ доьхна, шайлахь герзанаш долуш нах гойту видео гIаръяьккхина Кадыров Рамзана, оцу кIелахь Украинехьа тIомбечарна кхерамаш тийсина цо, шен декъехь Нохчийчуьра схьабоьвллачарна а. Хьалхо Оьрсийчоьнан регионан хьалханчас бакъ ца дора тIаьххьарнаш Киеван агIо лаьцна тIемашкахь дакъа лоцуш бу бохург.


Украинехьа тIом бан бахначу Евробертан пачхьалкхашкара нохчашлахь кIезга бац хьалхара а, шолгIа а оьрсийн-нохчийн тIемашкахь дакъалаьцнарш, аьлла Кавказ.Реалиига Венера Kulturverein Ichkeria-н ("Культуран центр "Ичкерия") куьйгалхочо Исханов Хьусайна. 


Цо бахарехь, Львов гIалахь вовшахтухуш ю Оьрсийчоьнан агрессина духьал лата кийча йолу нохчийн шайн лаамехь отряд: "Шайн лаамахь арабевлла нохчий кийча бу украинхошна гIодаккха хIокху вуно халчу муьрехь. Тхуна диц ца делла украинхоша Ичкерин суверинитет ларъеш гIо даккхар".


Хьалхо Великобританехь веха нохчийн политик, тIе ца эцначу Ичкерин цхьахволчу хьалханчас Закаев Ахьмада Настоящее время телеканалан эфирехь дIахьедира, Европехь беха нохчийн кийча хилар Оьрсийчоьнан тIелатарах Украина ларъеш тIом бан.



Украинан президенто Зеленский Владимира кхайкхамбира, оьрсийн эскаршна дуьхьал тIом бан схьакхета луучу арахьарчу мехкийн бахархошка, Украине а дуьлий, дозанаш чIагIдан луучийн могIарш дуза аьлла.
Кавказ.Реалиино дийцира Украинехь тIомбечу нохчех лаьцна: оьрсийн тIеман ницкъийн декъехь а (шайх "кадыровцаш" олурш), шейх мансуран а, Дудаев ДжовхIаран а цIарахчу батальонийн декъехь Украинан латтанаш лардеш. 




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *