Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Салтийн нанойн Комитетехь" дIахьедина, Украинерчу тIаме Къилбаседа Кавказернаш бигина хилар

Оьрсийчуьрчу тIемалойн наной (контрактхойн а, ханйиллина эскаран гӀуллакхдечеран а) бакъоларъярхошка буьйлу, шайн берех лаьцна хаамаш ца кхачарна. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига дийцина Салтийн нанойн Комитетан хьалханчас Голуб Светланас. Цо бахарехь, хIора денна кхочу ишта кхайкхамаш, шен декъехь Къилбан а, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара дIабигначу тIемалойн доьзалшкара латкъамаш а болуш.


"Кхайкхамийн барам дукха боккха хиларна тхан аьтто ца болу и хаамаш системе а берзийна, царна анализ йан. Наноша дIахьедо, шайн бераш еххачу хеначохь зIене ца довлар, ткъа масех меттехь кхоччуш билгалдаьлла ду, дIабигнарш Украинехь хилар – иза дийцина цигара цIабаьхкинчу цаьрца тIамехь хиллачара. Цхьана тIеман декъехь 20 гергга стаг ву аьлла хаам бу", - дийцина Голуба.


Украинхошца ша зIене йала гIортарх лаьцна хаамбина бакъоларъярхочо, амма цуьнан кхайкхамаш жоьпаш доцуш дисна.


Оьрчийчоьнан Iедалша харцдина хан йиллина эскаран гIуллакх дийраш Украине бигар. Оьрсийчуьра зударий Зазадоккху-беттан 8-чу денца декъалбеш шен къамелехь президента Путин Владимира билгалдаьккхира, хан йиллина эскаран гIуллакх дийраш луларчу махка тIаме хьийсор бац, аьлла. Амма шолгIачу дийнахь Кремль декхаре хилира уьш оцу тIамехь дакъа лоцуш хилар тIелаца – Путина Коьртачу тIеман прокуратуре талламан кехаташ хьажор тIедиллира.



Оьрсийчоьнан тIеман Министралло цкъа бен ца дина беллачийн терахь олуш дIахьедар – Зазадоккху-беттан 2-хь. Цара бахарехь, хIинцале хууш ду 498 стеган кхалхар. Шемарчу тIамехь диъ шарахь дакъа лоцуш вийнарг 116 стаг ву, боху официалехь. 2008-чу шарахь Оьрсийчоь Гуьржийчоьнна тIелеташ – 67 стаг. Нохчийчохь дуьххьарчу тIамехь шина шарчохь федералхойх велларг, тайп-тайпанчу хьостанашца а догIуш, 4 103-на тIера 5 042 кхачалц тIемало ву.
Чиллан-беттан 24-чу буса Оьрсийчоь Украинана чугIоьртира. КхолгIа кIира ду тIом боьдуш. Оьрсийн эскархоша кеман тохарш дина Днепрехь, Лецкехь, Ивано-Франковскехь а. Украинан агIоно хаамбина генерал-майоран Колесниковн кхалхарх лаьцна. Путина Юххерчу Малхбалера шайн лаамера тIемалой Украине хьовсор къобалдина. Украино хаамбина, Оьрсийчоьнан кеманаша мехкан дозана йистехь Iуьллу Белорусерчу Копани-эвлана тIе тохарш дина, аьлла. Киево дIахьедина, и кеманаш Украинан агIонехьара схьадаьхкина хиларх лаьцна, дуьйцург ду Беларусь Украинаца девне яккхархьама дина питана. Иштта Украинан агIоно дуьйцу, оьрсийн эскарша гуманитаран коридорана тIе тохарш дина, аьлла.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *