Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Румынин дозанехь нохчийн зуда дIалаьцна Оьрсийчоьнан тIедилларца

МухIажарийн декъехь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалаьцна 36 шо долу Нохчийчуьра схьаяьлла Гериханова Амина. Оцунах лаьцна Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцира "Вайфонд" цхьакхетараллехь.


Бакъоларъярхойн хаамашца, Гериханова дIалаьцна Румынин полицино Оьрсийчоьнан а, Германин а тIедилларца.


"Гериханова Амина Туркойчу кхача гIерташ яра, цуьнца ворхI шо долу кIант вара – иза берийн приюте вигина. ХIинца цуьнан гергарнаш беранна тIаьхьа бахана. Гериханова Интерполаца а, Шенгенан хаамийн системехула а (SIS) лоьхуш хиллера", - дийцина ассоциацехь.


Шенгенан хаамийн системе Германис хIоттийна хилла Гериханова, ткъа Интерполехула лехамашка Оьрсийчоьно елла хиллера – мухIажир бехкейина Шемарчу тIамехь дакъалацарна.


"Хууш ду, Оьрсийчоьно хьалхо Гериханован Украинера экстрадиции йар дехна хиллар, амма иза къобал ца дира. Цуьнан гIуллакхна тIехь шортта болх бу бан безаш", - дийцина ассоциацехь.


ХIинца лаьцначуьнца зIе яц – бакъоларъярхоша оцу гIуллакхна тIехула болх дIаболор бу цуьнца зIе нисъелча, аьлла фондехь.



Хьалхо Нохчийчуьрчу Бакаев Iелин гIуллакхехула экстрадицин талламбар дIадахдан сацамбина Киеверчу кхело, хаамбина бакъоларъяран "Вайфонд" организацино. Бакаев бехкево даймахкахь оьрсийн тIаман базана 20I7-чу шарахь тIелатарна. Нагахь санна, ша Оьрсийчоьне дIалахь, маса Нохчийчу а вигина, ша Iазапехь валлорна, йа кхел йоцуш верна кхоьру Бакаев.
Чиллан-баттахь кхелхира Францера депортаци йина, тIаьхьо Оьрсийчохь чувоьллина хилла Нохчийчуьра вахархо Мурадов Дауд. Бехктакхаман кодексан терроризмехула йолчу артиклана тIехула бехке а вина Москварчу СИЗО-2 Лефортово чувоьллира иза. Гергарчарна хетарехь, цунна дIовш делла хилла.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *