Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Дерриг жоьпалла тIерадаьлла пачхьалкх. Европан кхелах хаьдда Къилбаседа Кавказ

Зазадоккху-беттан 16-хь министрийн кабинето Оьрсийчоь юкъаръяьккхира Европан Кхеташонна. Коьрта бакъонаш хьешар рогIера тIенислелча мехкан бахархойн аьтто хир бац Европан адамийн бакъонехула йолчу кхеле аьрзнаш дан. ЕСПЧ-н оьрсийн кхелаша бина сацамаш хийца аьтто ца хиллехь а, тайп-тайпана гIуллакхаш луьстучу юкъанна низамаш хедор цо тIечIагIдича, гIуллакх юханехьа листаран бахьана хила йиш яра. Дукхачу Къилбаседа Кавказерчу бахархошна Европера суд бакъоне сатийса йиссина тIаьххьара инстанци яра.


Зазадоккху-беттан 6-хь ЕСПЧ-но сацийна Оьрсийчоьнна дуьхьала айдина хилла дерриг гIуллакхаш, иштта цо кхин дIа тIеоьцур дац оьрсийн бахархошкара керла аьрзнаш. Кхело Оьрсийчоь Европан Кхеташонна юкъара дIаяккхаран бакъонийн тIаьхьалонийн мах хадабале бина и сацам. Чиллан-беттан чакхенгахь Страсбургехь луьстуш бара 72 эзар латкъам, царна тIехь сацамаш дина дац. Царах 18 эзар, йа 25% ца кхочуш – уьш Оьрсийчоьнна дуьхьала латкъамаш ду.


Бакъоларъяран "Мемориал" центран лакхарчу юриста Гурин Дмитрийс тIе тидам бохуьйту, цкъачунна юристашна хетарг – иза Зазадоккху-беттан 15-чу дийне кхачалц адаман бакъонашна, маршонна леринчу Европан Конвенцин низамаш хедор ЕСПЧ-н юрисдикцина кIел нислуш ду, церан хьокъехь латкъам бан а аьтто хир бу. Амма реакции хир юй Оьрсийчоьнан керлачу сацамашна – хетарг дийца бен ца дуьссу.


Дохке кхане

Бакъоларъяран "Мемориал" центро толам баккхарца дерзийра Нохчийчуьра шолгIачу тIамера хиламашца доьзна Къилбаседа Кавказера дуьххьарчу гIуллакхех цхьахдерш. Дуьйцурш ду 1999-чу шеран ГIадужу-баттахь Ростов-Баку некъа тIехь мухIажирийн колоннина тIе бомбанаш еттар а, Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштахь 2000-чу шеран Дечкен-баттахь "дIацIанораш" деш нах байъар, иттанашкахь нах бойъуш, бIеннашкахь лаза а беш КIотар-Юьртанна бомбанаш кхийсар а.


"Нах лечкъорца доьзна шортта гIуллакхаш дара тхан дIахьош, уьш федералхоша дIабуьгуш хIаллакбеш буйла билгала долучу хенахь. Нах лечкъор сацош дацара кадыровн Нохчийчохь а, дуьйцург ду ЕСПЧ-хь луьсту Iазап латторан къайлахчу набахтех доьзна "27 стаг веран спискан" гIуллакх, оцу тайпа цхьахйолу набахте йиллина болх беш ю Соьлжа-ГIалин юккъехь", - элира Кавказ.Реалиига организацин куьйгаллин декхашхочо, "Горячие точки" программан куьйгалхочо Орлов Олега.




Оьрсийчоьно Европан Кхеташонехь дакъа лоцу 20 сов шарна чохь ЕСПЧ-н позициш бахьанаехь хийцамаш хилира оьрсийн низамийн нормашкахь а, угаре хьалха бехктакхаман процессехь, иштта кхуллура бакъонехь ларваран керла механизмаш а, дуьйцу Гурин Дмитрийс. Цо билгалдоккху: лаккхарчу кхелан инстанцеш, ала мегар долуш, цкъа а ца йитина ЕСПЧ-н позициш тидам боцуш, пIелгаш тIехь ягаръян мега масех меттиг биссалц. Керайирзина механизма Оьрсийчоь Европан Кхеташонера араяьлча а юьссар ю, бакъонан позицин принципаш а, элементаш а.


"Кхин къамел ду, коьртачу хеттарийн доккхачу декъехь, масала, дIалецарийн бух лахаран, чохь латтон хьелийн, гуламийн маршонан а хеттаршкахь Оьрсийчоь ЕСПЧ-н позициш кхочушъярехь формалан декларацел гена ца яьлла. Хийцамашна дуьхьала лаьттара бакъонан лаам ца хилар, Европан кхело билгалъяхна дуккха стандарташ баккъала кхочушъяр а", - дуьйцу "Мемориалан" лакхарчу юристо.




Стенца хийца йиш ю ЕСПЧ керлачу Оьрсийчохь? Федерацин Кхеташонан конституцин низамаш кхолларехула йолчу комитетан хьалханчас Клишас Андрейс дIахьедира РИА "Новости" гIирсе, "цуьнан меттана бахархойн аьтто хир бу Оьрсийчоьнан Конституцин кхеле бовла".


"Конституцин кхело ца луьсту къастийна гIуллакхаш, цо, куьце ала волавелча, низамашна кхел йо. Къастийна цхьа кхачамбацар а эцна цига дIахьедар дан йиш яц, Конституцин кхело цхьахдолу низам Конституцица догIуш дацахь толлур ду къастийна гIуллакх, - ойланаш йо Гурино. – Еса меттигаш дIаюзархьама, оьрсийн Iедалша цхьа керла механизмаш, инстанциш а кхуллур ю, амма иза ма-ярра бутафории хир ю".


"Адамийн бакъонаш кхин а чIогIа хьоьшур ю"

Оьрсийчоьнан кхелан система пайде ца хиларна ГIалгIайчуьра а, ерриг Къилбаседа Кавказера а бахархой шайн хьешна бакъонаш ларъярхьама ЕСПЧ-не бовла декхаре хуьлу. Оцунна тоьшаллаш до иттанаш эзарнаш Страсбурге кхехьийтина аьрзнаша а, царна тIехула бина позитиве сацамаша а, билгалдоккху "Яблоко" партин ГIалгIайчуьра декъан хьалханчо Муцольгов Руслана.


"Ишттачу сацамашна хьокъехь ши механизм яра: маршо, бакъонаш хьешар тIелацар а, оцу пачхьалкхана и бакъонаш меттахIоттон езар гайтар а. Моралан а, ахчанийн а зен меттахIоттош хуьлура иза. ЧIогIа халахетахь а, и ахчанаш дIакхачоран хьокъехь бен кхочуш ца дора Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш хьешарна тIехула дина сацамаш – нах лечкъоран, кхелаца доцу нах байъаран, Iазап латторан а", - дуьйцу бакъоларъярхочо.




Дахначу шерашкахь ЕСПЧ-н дукха сацамаш кхочуш ца дар тидаме ца эцча а, кхелан системано талламан а, тIехьежаран а урхаллийн агIо лоцучу хьелашкахь, йозуш йоцу механизмах дIахадор - иза Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларъярна доккха зен ду.


"Пачхьалкханна а, нуьцкъаллин структуран белхахошна шайгахь жоьпалла цахилар хаалур ду. Адамийн бакъонаш кхин а дукха хьешарна тIенисдала мега вай", - чакхдаьккхина къамел Муцольговс.


Ишта а кIезга болу тIаьххьара шина шарера Оьрсийчуьра бакъонах лаьцначу позитиве хаамех цхьаъ иза букъан дилханан атрофия (СМА) йолчу дархошна мел-оьшу молханаш дIакхачорна хьокъехь ЕСПЧ-но маса барамаш тIелацар а, и сацам кхочушбар Оьрсийчоьнна тIедожор а хета шена, аьлла дийцина адвоката Немова Маринас Кавказ.Реалига – Къилбаседа Кавказера СМА лазар долу бераш кест-кеста дуьссура дукха ахча доьху молханаш доцуш – иштта хIусамехь гIело латторна хьокъехь бина дуьххьара сацам хета цунна позитиве, иза кхочушбаре сатуьйсуш еха иза.


Сецоран механизм а йоцуш

ЕСПЧ-но сацамаш дина Къилбаседа Кавказера кхечу цхьамогIа резонансе гIуллакхашна. Масала, Оьрсийчоьнан Iедалхой бехкебина Дагестанера жа дажочу ГасангусеновгIеран ши ваша нуьцкъахоша герз диттина верна.


2021-чу шеран Гурахь ЕСПЧ-но бехкейира "виъ-пхиъ стагах лаьтта нохчийн полицин Iаьржа духар доьхна, нохчийн регистрацин номераш йолу Iаьржачу Toyota Camry машенахь тоба", цара 2020-чу шарахь низамца а доцуш лачкъийна вигира нохчийн оппозицин IADAT телеграмерчу каналан чатера модератор Тепсуркаев Салман, цултIаьхьа машанехь видео яьржира лачкъийна вигнарг шишанна тIе хийшуьйтуш. Оцу гIуллакхо федералан хилла а ца Iаш, дуьненаюкъара резонанс хIоттийра. Амма хIинца а Талламан комитете иза лачкъийначийн цIерш ца яхало, Нохчийчу дIавигначу Тепсуркаевн волу меттиг а яц къастийна.


ГIебартон-Балкхарайчоьнан регионера бакъоларъяран центран хьалханча Хатажуков Валерийс Къилбаседа Кавказера бахархойн бакъонаш ларъярехь ЕСПЧ-н доккха васт билгалдоккху.


"Къоман кхелашна хаьара шайн сацам кхин дIа Страсбурге дIакхача мегий. Сецоран фактор яра иза. Вайн кхелийн тидамехь латтон езара ЕСПЧ-н позитиве сацамийн практика. Оха, бакъоларъярхоша, массо хенахь Страсбург йолуш ю олура. ХIинца гIортолах даьхна тхо, йозушйоцу, оьшуш хилла инстанцех. Суна хетарехь, вайна дукха сиха хаалур ду ЕСПЧ-н дIаялар", - тешна ву бакъоларъярхо.




Зевнечу ЕСПЧ-н Кавказера гIуллакхашхула болх беш йолчу адвоката Гнездилова Ольгас боху: кхелан белхан механизм хийциначул тIаьхьа, керлачу реалишкахь оьрсийн аьтто хир бу Страсбурге аьрзнаш дала Зазадоккху-беттан 15-чу дийне кхачалц шайн хьешна бакъонашна тIехула. 


"Нийса ду, хьалхо чуделла хилла аьрзнаш ницкъ болуш хир ду. Иза хьакхало Оьрсийчохь бехачарал совнаха, Украинехь а, кхечу меттигашкахь а Оьрсийчоьнах зулам даьллачех а", - билгалдоккху юриста.


Къамелдийриг тешна ю, ЕСПЧ-но оьрсийн кхелаш цивилизацин хьесапе ерзийна бохучух, тIаххьарчу шерашкахь кхелахоша тидаме оьцура сацамаш даран практика. Масийтта латкъамаш а, ЕСПЧ-н сацам а биначул тIаьхьа Оьрсийчохь тIеэцна кхелан листар дахделча компенсаци кхачош низам, иштта гIуллакхаш а сиха листа долийна. Таделла лаьцнарш чохькхабаран хьал а, тоьхна хан генарчу меттигашкахь такхийтаран проблема ю хIинца луьстуш.


"Хаац, хIинц муьлхарниг хир ю дуьненаюкъара сецоран механизм, хIунда аьлча, йиснарш Оьрсийчоьнна гергахь хьехаран кепехь бен яц", - боху Гнездиловас.


Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело тIаьххьарчу шерашкахь иттанашкахь гIуллакхаш листина Оьрсийчоьнан Къилбан а, Къилбаседа Кавказера регионашкара. ЕСПЧ-но декхаре йина Оьрсийчоь кхелаца а доцуш Нохчийчохь нах байъарна 367 эзар евро гергарчарна дIакхачо, иштта 2004-чу шарахь Бесланехь хилла терактан 39 закъалтхочунна 360 эзар евро компенсации хьажор. Европан кхеле хьежочу латкъамаийн барамашлахь Оьрсийчохь дуьххьарчу меттехь яра. Дерриг аьрзнашна юккъера 25,2% дара цунна динарш. ШолгIачу меттехь Туркойчоь (15,5%), кхолгIачу – Украина (14,8%).




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *