Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

РПЦ-н протоиерейс дIахьедина, "оьрсийн дуьненца" Кадыров воьзна хиларх

Гоьваьллачу миссионеро, Москван патриархиин цхьахволчу коьртачу протоиерейс Ткачев Андрейс дIахьедина Оьрсийчоь Украинана тIелаттачу юкъанна "оьрсийн-нохчийн вежаралла" кхолладаларх. Зорбанан гIирсашкахь уггар а коьртачу спикерех цхьаъ хилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан – хIора дийнахь видеош зорбане йоху цо, Украинана дуьхьал Орсийчоьно болийначу тIамехь дакъалоцучу Нохчийчуьрчу эскархойх.


МозгIара дIахьедина, "шен са а, пха а ма-кхоччу оьрсийн цицилизацех ву" Кадыров. Иштта цо билгалдаьккхина, дукха хан йоццуш, нохчийн-оьрсийн ши тIом бирзинчул тIаьхьа "хала дара иштта цхьаалла хир ю ала".


Дозанал арахьарчу Оьрсийн православин килсан иеромонахо а, евзаш йолчу, килсан дахарх блоган авторо Валентина (Соломаха) Кавказ.Реалинна еллачу комментарехь тидам тIеуьйзира, "шайн дахарна кхерам боцург, меттигерчийн (Украинан бахархой.- Редакцин билгалдаккхар.) оцу "оьрсийн дуьнено" кхин цхьа а ойла ца хуьлуьйту.


Иштта цо билгалдаьккхина: телеканало пропаганда ен "Оьрсийн дуьне" дуккха а хIуманца билггал тера ду Кадыровс нахана юкъахь лелочу имиджех – агрессиве, къиза, къинхетамза.


Оьрсийчоьнан пропагандан пабликаша а, "Грозный" пачхьалкхан канало а хьалхо хаамбира, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Украине вахарх. Оцу юкъанна тоьшалла дара- цхьа а меттиг билгал ца йоккхуш, цхьана ларми чохь дIаязйина видео. Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, Кремлехь цунах лаьцна цхьа а хаам бац аьлла.



Украинан православин килсо (цуьнца вара 2014-гIа шо кхаччалц ша протоиерей Ткачев а), Москван патриархиин дакъа долу, коьртехь патриарх Кирилл (Гундяев) а волуш, Чиллан-беттан 24-чу дийнера схьа дуьйна масийттазза кхайкхамбира Оьрсийчоьнан тIеман агресси емалъеш. Масала, Зазадокху-беттан 20-чохь массо а килсашкахь молебен хIоттор ю, Украинана герзашца дуьхьалхIоттар сацадарехьа а, Украинан дозанаш дийна дисийтарехьа а.
Зазадокху-беттан юьххьехь Оьрсийн православин килсан масех мозгIара кхайкхамбира диллинчу кехатца, вежарий бойъу Украинера тIом сацабе аьлла. Царна юккъехь вара дика вевзаш волу игумен Николим (Балясников), иеромонах Димитрий (Першин), игумен Петр (Мещеринов), протоиерей Иоффе Георгий а, кхинберш а.
Зазадокху-беттан 19-чохь 24-гIа де-буьйса ду Оьрсийчоь Украине гIоьртина. Украинан Коьртачу штабо а, НАТО-н пачхьалкхийн иччархойн сервисаша а билгалдоккху, оьрсийн эскарийн цхьа могIа дIагIертар а, жигаралла а лахдаларх. ВСУ-н Коьртачу штабан хаамашца, шайн могIаршкахь эшамаш хиларна Оьрсийчоьнан эскарийн аьтто ца болу Киевна тIегIорта, амма оьрсийн тIеман буьйралло Эрмалойчуьра шайн эскархой бу Украине дехьабохуш.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *