Украинера кадыровхошна тIера ламазаш дан бигинера Нохчийчуьра пачхьалкхан белхахой
![Украинера кадыровхошна тIера ламазаш дан бигинера Нохчийчуьра пачхьалкхан белхахой](https://gdb.rferl.org/026c0000-0aff-0242-ed34-08da0b1e240c_w800_h450.jpg)
Зазадокху-беттан 21-чу буса Нохчийчьра бюджетан белхахой бертаза гулбинера Соьлжа-ГIалахь, вовшахкхетта, буьйсанна ден тахIаджуд ламаз (къаьсттина буьйсанна Деле доIанаш дар деза лоруш ду динехь) дан. ДоIанаш деш, ламазаш дира цара, Украинехь болу нохчийн тIемалой "Iалашбар" доьхуш, дийцина Кавказ.Реалиига тахIаджудехь дакъалаьцначу меттигерчц бахархоша.
Цул хьалха мессенджерашкахула хаамаш баржийра, кIошташкахь билгалъяьхначу меттигашкахь гулбалар тIедожош, цигара дIа транспорт хир ю Соьлжа-ГIала дIабига цаьрга хьоьжуш, бохуш.
Иштта хаамехь кхерамаш а бара туьйсуш, ламазаш, доIанаш дан бахка дуьхьалболчарна.
"Куьйгалхой, (цIийндас, нанас, дас) ца могуьйту, йа кхин цхьа цаторийла йолу гIуллакхаш ду шайн, йа дIадуьйша деза бохучаьрга. Балхара дIадовлуш яздай кехат охьадилла, тIаккха цIа гIо", - аьлла ду баржийначу хаамехь яздина (авторан орфографи а, пунктуаци а ма-ярра йитина. – Редакцин билгалдаккхар.).
"Тхо маьждига чу а ца дитира. Божарий бара чохь ламазаш деш, тхо, зударий, милла арахь лаьттира, минус кхоъ градусехь, маьждига хьалха", - латкъамбина цхьахцйолчу Кавказ.Реалиица къамел динчо.
ТахIаджуд тIедиллина дац, амма сунна лоруш ду, иза кхочушдо буьйсанна деш долу пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа.
Iедалхоша вовшахтухучу барамашкахь дакъалацар нохчийн бюджетан белхахойн белхан цхьа дакъа хилла даьлла. Хьалхо Кавказ.Реалиино яздира, "Ахмат" футболан клубан ловзаршка бертаза бюджетан белхахой кхийларх, иштта субботникашкахь, митингашкахь, кхинболчу махкахь хуьлучу барамашкахь а дакъалацийтарх. Оцу юкъанна Iедалхоша бакъ ца до, пачхьалкхан белхахойх а, студентех а шаьш пайдаэцарх.
2019-чу шеран Лахьан-баттахь Нохчийчуьра министраллин белхахой декхаре бира халкъан цхьааллин Денна леринчу даздаршкахь дакъалаца. Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин урхалхочо Таймасханов ГIаласа куьйгъяздина омран копи ю Кавказ.Реалиин редакцигахь.