Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Муцураевн иллина тIехула гIуда тоьхна масех Оьрсийчоьнан вахархочунна

Пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкара мел кIезиг а веа вахархочух гIуда хьарчийна административан жоьпалла тIедожош, социалан машанашкахь нохчийн бардан Муцураев Тимуран иллеш даржорна, царех цхьа дакъа экстремистийн реестре даьккхина ду. Оцу масаьрца а нисделлачуьнца дуьйцург ду  "Исламан умма" илли, яздо Кавказ.Реалиино.


Тольяттерчу Автозаводскан кIоштан кхело бехкейира меттигера Вохидова Мохира экстремистийн материалаш яржорна, "Однокласнники" машанехь Муцураевн "Исламан умма" илли зорбане даккхарна.


Кхелан сацамехь билгалдаьккхина, социалан машанехь мониторинг ечу Самаран кIоштан экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) белхахочунна гучуяьлла хилар нохчийн бардан композици. Кхелан кхеташоне ца еанера ша Вохидова Мохира, суьдхочо эзар соьмана гIуда дожийна цунна тIе.


Изза илли "ВКонтакте" даккхарна гIуда тоьхна Оренбурган кIоштарчу Орскан вахархочунна Мищенко Максимна, кхелехь къерахилира иза, амма, Оьрсийчоьнан Конституцин 51-чу Iедалан къепенна тIетевжина, дуьхьал хилира кхетош дийца. Меттигерчу ЦПЭ-н белхахочо хIоттийра цуьнан хьокъехь рапорт.


Эзар сом гIуда хьарчийна иштта Оренбургскан кIоштара Медногорскан вахархочух Панов Александрах а "Сады нас ждут", "Исламская умма" иллеш зорбане дахарна. Бехк тIе а лаьцна, хаамбина цо, ша аудиош дIаяьхна аьлла.


Чиллан-баттахь яздира Кавказ.Реалиино Веданан кIоштан кхело оццу Муцураевн композицина тIехула гIуда тоьхначу Сиржа-Эвларчу Магомадов Асланах лаьцна.


Ростов-ГIаларчу Первомайскан кIоштан кхело 2014-чу шарахь бинчу сацамца, "Исламан умма" илли №2793 номера бухахь экстремистийн материалаш ю аьлла, федералан тептаре даьккхина ду.



Муцураевн иллешка ладугIучарна Оьрсийчохь кест-кеста кхел йо социалан машанаш лелочарна, иштта Нохчийчохь а цхьаьна. Ткъе итт сов нохчийн бардан илли экстремистийн материалаш лерина, федералан тептаре даьхна ду.
Нохчийчуьра Гуьмса гIалин кхело меттигера вахархо Дускуев Ахьмад бехкевира "Одноклассники" социалан машанехь экстремистийн материалаш яржорна. "ДжихIадан доьхкина тIемаш" илли зорбане даьккхинера цо, цунна эзар сом гIуда хьарчийра цунах.
Изза сацам тIеийцира ГIуран-беттан 5-чохь Гуьмсан гIалин кхело, меттигера вахархо Саиев Адам бехкевина. Иза бехкевира "ВКонтактехь" экстремистийн материалаш яржорна аьлла, цхьа илли зорбане даккхарна. Тамашен дара, кхелахоша листина "Пайхамаран Хьадис" экстремистийн материлех хIоттийначу тептарехь цахилар. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *