Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ОМОН-н белхахойх летарна таIзар дина нохчо Навальный латточу колони дехьаваьккхина

Митингехь ОМОН-н эскархойх тийсавелла Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьаммад Владимирскан кIоштарчу Покровка гIалин колони дехьаваьккхина – цигахь хан токхуш ву оппозиционер Навальный Алексей а. ИК-2 Джумаев дехьаваккхарх хаамбина "Арестанты 212" проекто, таIзар динчун ненайишина тIетевжина.


"Оцу колонехь адаман доцу хьелаш ду… Оцу цацах чекхбевллачу нехан дийцаршца, ИК-2 колони тIехь ницкъ бен, йоллу Оьрсийчоьнан федералан кхелан сацамаш кхочушбечу урхаллин (ФСИН) коррупцин система кхуллург ю, иштта "цIен зона" а олуш", - яздина шен къевлинчу инстаграм-аккаунтехь хантоьхначун гергарчо.



Оьрсийчуьра колонеш формалехь а доцуш йоькъуш ю, хьал криминалан авторитеташа тIехь терго латтон "Iаьржа" а, доллу Iедал администрацин карахь долу, цундела шога раж йолу "цIен" а.  Адвокато Эйсмонт Марияс хьалхо Покровера ИК-2 колони "цIарула цIен" ю аьллера.
Навальный Алексейгахьа Москвахь Дечкен-беттан 23-чохь хIоттийначу акцехь ницкъахойх леттера Нохчийчуьра МГУ-н студент хилларг. ОМОН-н масех эскархочунна дуьхьала тийсалучу Джумаевх видео шуьйра яьржира социалан машанашкахь. Полицино лаца кхайкхийра иза. Дукха хан ялале Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама дош делира, нагахь санна, иза Оьрсийчоьнан оппозицехьа вацахь, ша Джумаевн гIуллакх "дикачу агIор луьстур ду", аьлла.
Дечкен-беттан 28-чохь студент лецира Псковн кIоштахь, хетарехь, Евросоюзан доза хадон гIертачу хенахь. Джумаевна бехкбиллира Iедалан къепан кхаа эпизодехь, Iедалан векална дуьхьал ницкъбаьккхина аьлла. 2021-чу шеран Марсхьокху-беттан I9-чохь Москварчу Тверской кIоштан кхело пхи шо хан кхайкхийра цунна юкъарчу рожан колонехь даккха. 2022-чу шеран Чиллан-баттахь сацам къобалбира Москва гIалин суьдо а.
Оьрсийчохь дIайохийначу бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакхийн тептаре язвира Джумаев сайд-Мухьаммад. 



 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *