Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчуьрчу МВД-н куьйгалхочун Алхановна инарла-полковникан чин делла Путино

Путин Владимиро инарла-полковникан чин делла Нохчийчухула волчу чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Алханов Русланна. Омра арахецна Стигалкъекъа-беттан 27-хь.


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан юьртахо а, цуьнан цхьахйолчу йоьIан марда а ву Алханов – хьаькам 1962-чу шарахь Цоьнтрахь вина ву, Нохч-ГIалгIайн АССР-хь. Иза республикан МВД-н куьйгалхочун даржехь волу 18 шо ду, 2004-чу шарахь дуьйна. Цул хьалха, 1999-чу шеран ГIуран-баттахь, муфтин Кадыров Ахьмадан (Кадыров Рамзанан ден) хадархойн сервисан хьалханча вара иза, тIаьхьо Нохчийн республикан администрацин куьйгалхо аьлла цIе йоккхура цуьнан даржан. Алханов "дайшкара схьа ницкъахо" лоруш ву – цуьнан ден да советан Iедалехь НКВД-хь болх бина ву, цунах лаьцна ша Кадыровс дIахьединера.


"Дождь" телехьожийлан хаамашца а догIуш, Алхановн хIусамнана Тамара Борисовна (ГIалгIайчоьнан хиллачу президента Аушев Руслана бахарехь, гIалгIа ю иза) Москвахь ехаш ю аьлла дIаязйина ю, иштта шен кхаа кIантаца "Ближняя дача" олу нах бехачу элите комплексехь ши петар ю церан долахь.


"Важные истории" хьостан хаамашца, Алхановн Нохчийчуьра медицинан ларваран территориалан фондан куьйгалхочун гIовс волчу кIентан Адаман долахь, мел-кIезга а, 2020-чу шаре кхачалц, Палма Джумейра олу гIайренна тIехь петар яра. Цуьнан хIусамийн мах 700 эзар долларал сов бу.


Алхановс чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина куьйгалла дан долийчхьана, Нохчийчуьра МВД-н белхахой жигара буьйлира Кадыровн ражна критика еш болу нах лечкъон, царна Iазап латтон – цул сов, хьаькамо къобалдо иза леладар.



Охан-баттахь президента Путин Владимира пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам Оьрсийчоьнан Турпалхочун дарже воккхуш омрана кIел куьйг яздира. Иза даран бахьана хилира "леринчу тIеман операцехь стогалла а, турпалалла гайтар". Делимханов оппозиционераш байъарца воьзна лору – шайн декъехь Немцов Борис а волуш.
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омраца инарла-летейнантан чин делла. Цунах лаьцна шен "ВКонтактерчу" агIонехь дийцина республикан парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада, цо билгалдаьккхина, "Нохчийн Республикехь дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьало латторехь а, Оьрсийчоьнан цхьаалла ларъярехь а Кадыровс бинчу белхашна сов мах хадон хала ду".

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *