Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кубанехь стаг лачкъорна бехкевина Нохчийчуьра ши вахархо

Краснодар махкара Динскан кIоштан кхело бехкевина Нохчийчуьра Акаев Муса а, Ижиев Мансур а стаг лачкъорна а, йохка Iалашонца корта бахон препарташ лелорна а. Кубанан кхелийн вовшахтоьхначу пресс-гIуллакххоша хаамбарехь, 2020-чу шеран Лахьан-баттахь таIзаре хIиттийначара лачкъийнера Пластунская станицера яхарахо.


Бехк буьллучийн хаамашца, Акаев а, Ижиев а гергарло таса гIоьртинера социйлехь шайна гинчу йоIаца – иза реза ца хилча, шайн машен чу хаийнера, травматикан герзаца кхерам а тесна. Кхелан материалашкахь яздарца, новкъахь дIабоьлхуш корта бахон молханаш цуьнга малийта гIоьртинера бехкебийраш, амма йоьIан ка яьллера, уьш дIалачкъон.


Волгорадан кIоштара Котельниково гIала Кубанан яхархо дIайига хьоьвзинера Акаев а, Ижиев а, амма цуьнан аьтто баьллера шен гергарчаьрца зIене яла, цара дIахаийтинера полицига а. Ростовн кIоштарчу Сальск гIалахь лаьцнера йоI лачкъийнарш.


Хаамбарца, Акаевс боллу бехкана къера хилла, зулам дарх доллу жоьпалла шена тIе а лоцуш, иза лачкъорна шен бехк хилар тIе ца дуьту Ижиевс. Шинна а колонехь яккха кхоккха шераш а, кхоккха беттанаш а хенаш тоьхна кхело.



Бехктакхаман гIуллакх дуьхьал айдина, набахтехь хан йоккхуш ву, 20I4-чу шарахь ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархо, шолгIачу группан заьIапхо Хагундоков Аслан лачкъийнарг. Цуьнан йишас а, адвокаташа а бахарехь, зулам дина дац цо. Йишас Хагундокова Джульеттас дийцира, шен ваша новкъара лаьцна дIавигарх, цуьнан машен йоьхна иза лаьттачу хенахь. Ток йеттийтинера цунна, ницкъбинера, Ростовра бизнесхо Аржаник Петр айхьа витйна ала бохуш.
ГIалгIайн Плиево эвлахь яйра I9 шо долу яхарахо – цуьнан дас бакъоларъяран органашка хаамбира, бевзаш боцчу наха иза лчкъийна аьлла. Полисхойн хаамашца,  шеконашка эцначех цхьаъ ву 27 шо долу Сунжан кIоштара Алхаст эвлара вахархо – маре йига дагахь лачкъийнера цо иза. Цуьнан накъостий схьалоьхуш ба хIинца полисхой. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *