Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Соьлжа-ГIалин бахархой ЖКХ-н лекха мехашна а, автобус сацорна а дуьхьал митинге арабевлла

Соьлжа-ГIалара Элихановн эвлахь цIаьххьана митинг гулъелла – 20 стага гIалин юкъа йоьду автобус юхаерзор тIедожийра, тIаккха ЖКХ-н лекха мехашна дуьхьал бистхилира.


Митинган цхьаволчу декъашхочо Кавказ.Реалиига дийцира, ши шо хьалха Нохчийчоьнан коьртачу гIалана шайн эвла юкъалаьцча, цIаьххьана бистина меттигерчу бахархоша ЖКХ-н гIуллакхех бала беза мах.


"2020-чу шарахь Гикало эвлана Элихановн цIе тиллина, Соьлжа-ГIалана юкъатоьхна – оцу сохьтехь лакхадаьлла газах, светах дала деза ахча. Iай коммуналан гIуллакхех сан юккъерчу барамехь дала дезарг 5-10 эзар сом ду. ХIусам йохъярна беза мах боьху хIинца. Тоькана мел-кIезга кхин а 1000 сом дойу, оха иза кхуошехь", - дийцина къамел динчо.


Автобус сацоро хIора денна Соьлжа-ГIалин юкъе лелачу нехан дахар чолхечу хьоле доккху, кхетийна протестан кхечу декъашхочо.


"Гикало лелачу юкъараллин транспортаца массочу ханна а бара кхачамбацарш. Маршрутан таксийн машенаш лелораш массочу ханна а гIертара рейсин автобусаш юкъара яха. Автобусаш йорах хуьлура, билгалъяьккхинчу хенаца а лелара, Беркате, гIалин юккъерчу базара, ах сахьтехь дIакхача аьтто бара. ТIаьххьарчу шерашкахь гIеххьа тишо цхьа автобус лелара, дIасавоьдург 25 сом мах бара. Амма Мангал-беттан 1-хь дуьйна иза а маршрутера дIаяьккхира, ткъа маршрутан таксин мах 35 соьманна тIера 50-нна тIе хьалабаьккхира. Цул сов, уьш хьалаюьзча бен ца лела, йиллина хан а йоцуш. Эвлан бахархой тайп-тайпанчу инстанцешка лелара, кехаташ яздора, амма пайда ца хуьлура", - дийцина Элихановн эвлара яхархочо.


Акцин декъашхоша бахарехь, цигарчу митинге нохчийн парламентан депутаташ баьхкира – цара дIасадовлар хьийхира, хьал листа дош а делира. Амма хьакамаша хIинца цхьа гIуллакхаш дина дац.


Соьлжа-ГIалин мэрехь Кавказ.Реалиига дIахьедира, митингах лаьцна шайна хIумма а ца хаьа, аьлла, ткъа республикан парламентехь элира, хаамийн сервисца зIене довла, амма цигахь цхьамма телефон схьа ца ийцира.


Элихановн эвлан бахархой кхоьру, митинге арабевллачарна цхьаъ хиларна. Хьаькамашна латкъамаш деш болчу республикан бахархойн проблемаш хила мега.



Эвлан бахархой хьалхо хьаькамашка бевллера, транспортан министран гIовсаца цхьанакхетар хилийта гIертара уьш, амма барт биншехь уьш тIе ца лецира. Шайн хьолах лаьцна дуьйцуш видеокхайкхам бира цара. Дагадоуьйту, 2007-чу шарахь дуьйна Нохчийчоьнан транспортан а, зIенийн а министраллин коьртехь Черхигов Рамзан ву, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цхьайолчу йишин цIийнда.
Кавказ.Реалиино хьалхо бинчу хаамца, хIокху шарахь ЖКХ-н мехаш уггара дукха Нохчийчохь дистина. Уьш 6,5% лакхдаьлла. И мах хьалабалар дуьххьара хуьлуш дац – 2020-чу шарахь коммуналан мехаш Нохчийчохь иштта дистира.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *