Нохчийчоьнан куьйгалхочун критик вен гIортаран гIуллакхехула цуьнга хеттарш дина Мюнхенерчу кхело
![Нохчийчоьнан куьйгалхочун критик вен гIортаран гIуллакхехула цуьнга хеттарш дина Мюнхенерчу кхело](https://gdb.rferl.org/1E2C4AB8-AD97-4791-A14A-4F3D9BF54F39_w800_h450.jpg)
Бакъоларъярхочунна, оппозицин ютуб-блогеран Абдурахманов Тумсон вешина Абдурахманов Мухьаммадна кхачам боцуш тIелатар кечдаран гIуллакхехула теше санна хеттарш дина цуьнга Мюнхенан Лаккхарчу латтанан кхелехь. Бехкевийриг 47 шо долу Дадакаев Валид ву – талламна хетарехь, 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан леринчу сервисаша Абдурахманов вер тIедиллина цунна, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан ражна цо критика ярна.
Ша Абдурахмановс дийцарехь, цуьнан политикан гIуллакхех, тховкIело лехарх, иштта оцу бехктакхаман гIуллакхех а лаьцна хеттарш дина кхелахочо. Цул тIаьхьа хеттарш бехкевечун адвокаташа дина – теш волчо бахарехь, кхелана хьалха шена а, "йозуш йоцчу республика Ичкерин идейна" а дискредитаци ярца йоьзна ю оцу адвокатийн позици.
"Соьга хоьттура, нохчийн къам маршоне а, дозуш ца хиларе а стенна гIерта, Ичкерин тIемалоша оьрсийн салтешна тIехь ницкъ беш гиний суна? Аса диллина бакъдерг дийцира оцу хеттаршна жоьпаш луш", - дIахьедина Абдурахмановс.
Дагадоуьйту, ФРГ-н прокуратуран хаамашца, Абдурахмановн Германера веха меттиг бехкевечуьнга дIайийцина, ФРГ-н конституци ларъяран Хьукматан цхьаволчу белхахочо – низам лардаран органша таллам болийна, къайлах болу хаамаш даржорна тIехула.
Deutsche Welle гIирсо хаамбо, кIелоярх гIуллакх вовшаххоьттина иштта, иза вен дезаш хиллачу коьртачу тешо – нохчочо А.Тамерлана динчу мукIарлонна тIехь. 2020-чу шеран ГIуран-баттахь тешо ша дийцина хиллера цунах лаьцна шегга Абдурахмановга. Бехкевечун цIа чохь талламаш бира – цуьнгахь карийра, тата ца долуьйту гIирс тIебоьллина тапча. Д.Валидна кхел йийр ю шога зулам вовшахтохарна а, герзах долу низам дохорна а.
Хьалхо Абдурахманов Мухьаммада ма-дийццара, цунна вен Iалашонца кIело вовшахтохар тIедиллина хиллера Нохчийчоьнан куьйгалхочун шичина Эдильгириев Пахруддина. Германехь веха юкъалеларг карийра Эдильгиревна – Дадакаев Валид – цуьнга ахча а дIаделлера. Вен Макаровн тапча Дадакаевс эцнера шен гергарчу стагера, Цакаев Романера. Иза вевзаш ву, 2019-чу шарахь Абдурахманов Тумсо сийсазвеш, видео дIаязъярца. Герз къайлах Германи кхачийнера Дадакаевс.
Стохка Германин Iедалхой реза хилира, Абдурахманов Мухьаммадна тховкIело яла дуьхьалояр юхалиста. Хьалхо кхел тIетевжинера, цуьнан дехарехь "керла бух" бац статус луш сацам тIеэца аьлла.