Кхел йина Нохчийчуьра ЛГБТК-жимстаг Магамадов Салехь вайна аьлла адвокато
ГIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, кхел йина Нохчийчуьра вахархо Магамадов Салехь иза хила везачу Владимирерчу номер 2 йолчу "Владимирский централ" набахтехь вац. Цунах лаьцна хаамбина, адвокатана Немов Александрна тIетевжина, кризисан "СК SOS" тобано.
Ша Iалашвечуьнца цхьанакхета хьийза юрист – дуьххьара набахтин белхахоша дIахьедира, цхьанакхета массо а чоьнаш юьзна ю аьлла, тIаьхьа элира Магамадов набахтехь вац. Иза цига кхачон везаш ву, амма иза стенгахь ву – хууш дац. Немовс арз дина ФСИН-е, ша кхелйинчунна тIевита аьлла.
Хаамбора, Магамадов "Владимирский централ" набахте Нохчийчуьрчу номер 1 йолчу СИЗО-хь шо сов хан яьккхинчул тIаьхьа, дIавигина байначу беттан 30-чохь аьлла.
Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кхело бехкевеш сацамбира 20 шо долчу Магамадовн а, 18 шо долчу Исаевн а хьокъехь Чиллан-беттан 22-чохь. Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело апелляцин кхелехь листира иза Стигалкъекъа-беттан 11-чохь, амма хийцам боцуш битира. ТIемалошна гIо дина аьлла, бехкаш дехкира цу шинна. Магамадовна бархI шо тоьхна, Исаевна – ялх шо.
Магамадов а, Исаев а къар ца ло, шаьшиъ цхьана а хIуманна бехке вац бохуш. Адвокаташа тергалдо бехке хиларх тоьшалла дина цахилар а, кхел йоьдучу заманчохь низамаш дуккхаза дохийна хилар а, царна хета, вежаршна тIаьхьабовлар церан сексуалан ориентацица а, гендеран идентификаллица а доьзна хилар (цу шиннах цхьаъ гей ву, важа гендере дехьавала дагахь хиллера), иштта Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь йолу телеграм-канал лелор.
2021-чу шеран Чиллан-баттахь Магамадов а, Исаев а лачкъийра Нижний Новгородерчу кризисан хIусамера, и шиъ Нохчийчу дIавигира. 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь цара дIахьедира, шайна йетта, бехкаш тIелаца бохуш. Царна тIехь къизаллаш лелорах бехктакхаман гIуллакх доло реза ца хилира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалла.