Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Росгвардин ницкъашца "товш доцчу" туристийн леларца къийсам латтон дагахь бу нохчийн Iедалхой

Аудиохаам баржйина нохчийн мессенджерашкахула, цу тIехь парламентан спикеран Даудов Мохьмадчух тера долчу озаца стага дуьйцу, Нохчийчоьнан бахархой дозанал арабевллачул тIаьхьа церан "товш доцчу леларх" йолчу проблемех.


Къамел дечо бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана омра дина хьаькамшана а, полицина а оцу кепара хIуманаш совцаде аьлла. Оьзда доцу хелхарш дина Избербаше хIордан йисте садаIа дахначу нохчийн зудабераша бохуш, социалан машанашкахь хаамаш баьржинчул тIаьхьа хилла хIума ду хIара.


Аудион авторо дуьйцу, "вайн лулахойн" лаккхарчу куьйгаллица къамел дина (юьйцург Дагестан йолчух тер аду. – Редакцин билгалдаккхар), царна хууш ду, Росгвардин къаьстина белхахойн, карахь цига хьовсийна бу аьлла официалан кехат делахь, бакъо хир ю "шен пляжехь леларца, къаьркъанаш моьлуш, хелхарш деш, эшарш лоькхуш, вайн гIиллакхаш, ламасташ сийсаздечаьрца къепе латтон" аьлла.


"Оха ца боху, цхьанххьа а ма гIо. Цигахь бехаш а бу нохчий. Шен гIуллакхе ца вахча ца волу, оха буьйцурш, вай юьхьIаьржа хIиттораш бу, шайн леларца вайн лулахой а цецбохуш",- дуьйцу аудио тIехь.


Кхин дIа къамел дечу цо боху "вайн ламастийн сийдойурш цIа балабе. Нагахь санна, царех жоп лур долуш церан нах белахь, динан дай юкъа а озийна, цаьрца болх бийр бу".


Цхьайолчу нохчийн телеграм-каналашкахь хамааш баьржина иштта, пIерасканан рузба дIадаьллачул тIаьхьа кегийрхой Избераше баха дагахь бу, "гIуллакх листа" бохуш.



Соьлжа-ГIалахь дайна кхо адам ден а вийна, Дышни-Веданарчу кешнашкахь дIадоьллира. Цул хьалха социалан машанашкахь видео зорбане яьккхира, цу тIехь наркотикех тера хIума а кхоллуш, цхьаьна Iа ши зудий, ши стаггий.
Кху шеран Iай Кхарачой-Чергазийчохь оьгIазбахийтира, лаьмнийн басешкахь луьйчуш духучу духарца дIа а хIуьттуш, суьрташ дахийтинчу туристаша. "Эхь доцурш" элира меттигерчу бахархоша суьрташ тIехь долчу зудаберашна, ткъа шайна хуьлучу пайден а, хайпан а дуьхьа "эхь, бехк духкурш" бу элира курортан долахой.
2020-чу шеран юьххьехь Дагестанехь дов иккхира, "гIиллакхаш дохорца" доьзна. "Холостяк" олучу шоун керлачу сезонехь Избербашера яхархочо, кардиолога Ахмедова Сапията дакъалаьцча. Программин турпалхо дегIаца цхьалха ца йолу, делахь а, маре яха стаг лохуш, иза ваккха гIерташ шоухь дакъалацар, Дагестанерчу цхьаболчу бахархошна хетарехь, оьгIаз ваххал хIума дара. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *