Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Спортсменаш-блогерш Кадыровна гергахь жоьпаллехь хиларх дIахьедина Нохчийчоьнан Iедалхоша

Махкара спортхойн-блогерийн "маьттаза лелар могуьйтур цахиларх" дIахьедина Нохчийчоьнан урхалло. Цунна лерина кхетош болх дIабьахьна Соьлжа-ГIалахь. "Чечня Сегодня" агенталло зорбане даьккхинчу суьртаца, цигахь дакъалаьцна 20 стага, амма церан цIераш ца яьхна.


Цхьанакхнетар дIадаьхьира информацин министро Дудаев Ахьмада а, физкультурехула а, спортехула а волчу министро Эдилов Валида а, иштта регионан кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочо Алаудинов Аптис а, республикерчу МВД-н урхаллин министран гIовса Ирасханов Аслана а.


"Нохчий миччахь Iаш хиларх, нагахь санна, шаьш нохчийн къоман векалш ду цара бохуш делахь, царна хаа деза, нохчий хилар - оьздангаллин дуккха а декхарш къочушдар дуйла", - аьллачу Дудаевн дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло.


Эдиловс дIахьедина, цхьаболчу спортсменаша-блогерша "хьаштдоцург дуьйцу, даьсса къамелаш до, товш доцу духар леладо".


"Нохчийчоьнал арахьа аш йовзуьйтург вайн республика ю, вайн куьйгалхо ву", - гочдина спортан министран дешнаш "Кавказский узел" ресурсо.


Эдиловс тIетоьхна, спортхошна-блогершна тIехь Iуналла дан леррина куратор хоржур ву шаьш, цкъачунна хууш дац – мила  хир ву иза.


"ТIейогIучу заманчохь цуьнга хоуьйтур ду аш, шаьш дан леринчух , тIаккха цо хьоьхур ду муха дан мегар ду а, муха мегар дац",- дIахьедина спортан министро.



Хьалхо Кадыров Рамзанан омра дира, шена гергахь бехкала бахначу, дозанал арахьа бехачу Нохчийчуьрчу бахархошна таIзар ден практика юха йолон еза аьлла. Цо дIахьедира, уьш цIа а балош, "швабрашца горгамаш хьоькхуьйтур ю" аьлла.
"Кхеторан болх" дIабахьале масех де хьалха конфликт иккхира нохчийн спортхо-блогер, Халк цIе лелон Тамаев Асхьаб юкъахь а волуш. Дагестанехь масийттазха бетах хIума туьйхира цунна – машен нийса дIахIоттийна яц аьлла. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *