Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Конституцин кхел дIайохош 13,5 миллин сом дойъур ду Нохчийчоьнан Iедалхоша

Нохчийчоьнан Конституцин кхел дIайохочу буьйрана куьйгъяздина мехкан премьер-министро Хучиев Муслима. Оцу Iалашонашна хьажор ду 13,5 миллион сом.


"Лакхахь хьахийначу Iалашонашна 2022-чу шарахь Нохчийн Республикан Конституцин Кхелана 13 506 267 сом 96 кепек бюджетан ассигнованеш ло Нохчийчоьнан финансийн министралло республикан куьйгаллийн резерван фондера, хIоттийначу хийцамаш баран къепеца бюджетехь куьйг таIош", - аьлла ду документа тIехь.


2020-чу шеран гIуран-баттахь федералан низам тIеийцира, регионашкара конституцин кхелаш дIайохор магош. Ша низаман проект Пачхьалкхан Думе кховдийнера президенто Конституцехь динчу тIетохаршца доьзна. Конституцин кхелийн метта республикехь вовшахтухур ю конституцин кхеташонаш низамаш дохучу гуламашкахь, амма церан функцеш билгалъяьхна яц. Кхелаш дIаяхар федерализмана тIехь хаалур ду, хIунда аьлча, регионаш евр ю кхин а цхьана шайн лаамаллин бухех.


Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, и гIулч негативе хир ю, ткъа кхелашкахь шайн болх коьрта хилар билгалдоккху, йа дуьхьал хуьлу Оьрсийчоьнан парламентан сацамах лаьцна дийца.


2016-чу шарахь долчу хьелашца Конституцин (уставан) кхелаш болх беш яра пачхьалкхан 16 регионехь, иштта 13 республикашкахь а. Къилбаседа Кавказехь яра уьш болх беш Адыгейхь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а.



2020-чу шеран гезгамашин-беттан  21-чохь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела вистхилира Халкъан гуламе республикера Конституцин кхел дIайохор хьоьхуш. Гезгамашин-беттан 22-чохь депутаташа и низаман проект Калиматовга юхаелира.
Къилбаседа ХIирийчохь суьдхо хилла пхи стаг латтон хIора шарахь 15 миллион сом республикан бюджетера лур ду. Цунах къаьстира 2022-чу шеран дечкен-баттахь мехкан парламентан кхеташонехь, Конституцин кхел дIайохон кхаж тесира цара хьалхарчу йоьшийлехь. 2022-чу шеран охан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна лелаш хир ду низам. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *