Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Пятигорскерчу кхело хийцам боцуш йитина Нохчийчуьрчу ЛГБТК-вежаршна тоьхна хан

Пятигорскерчу пхоьалгIачу кассацин кхело теллина Нохчийчуьрчу ЛГБТК-вежаршна Исаев ИсмаьIилна а, Магамадов Салахьна а тоьхначу ханна бина латкъам. Хьалхо ТIехьа-Мартанарчу кIоштан кхело а, Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело а уьш тIемалошна гIо латтош бара аьлла бехке лаьрра, ялх а, бархI а шершаш хенаш йиттина. Магамадовс, Исаевс, адвокаташа а и бехкаш тIе ца лоцу, бакъоларъярхоша и гIуллакх харц бух тIехь кхоьллина ду боху. 


Исаевн, Магамадовн хьокъехь долу гIуллакх дуьххьара теллинера Нохчийчоьнан арахьа. Кавказ.Реалиига церан адвоката Алексеев Марка дийцина ма-хиллара, кассацин кхело гIуллакхан юкъараяьхна МВД-н белхахоша елла хилла кийтарлонаш, амма гIуллакх юхаталлийта реза ца хилла, сацам хийцам боцуш битина. Исс минот яьккхира кхелахочо кхеташонан чоь чохь. Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхеле оцу сацамна латкъам бан дагахь бу адвокаташ.


"Таллам, кхел инзаречу харцонашца дIаяьхьна аьлла хета тхуна. Ша бехк а бухбоцуш хета тхуна", - комментари йина "СК SOS" кризисан тобанан пресс-секретара Мирошникова Александрас. Вежаршна низамехула а, зорбанехула а гIо дина оцу цхьанакхетаралло.


2020-чу шеран мангалан-баттахь низамехь йоцучу герзаца йолчу цхьанакхетараллин декъашхочунна ши эзар соьманна сурсаташ дIакхачийна аьлла бехкево Исаев, Магамадов.


"Оцу бехко цецвоккху: 2020-чу шеран аьхка Нохчийчохь шога карантинан барамаш бара хIиттийна, тIаккха Салахь, ИсмаьIил а меттавогIуш вара оппозицин телеграм-канал лелорна дIалаьцначул тIаьхьа, Нохчийчуьра дIаваха план лоьхуш вара и шиъ. Царна бехке даьллург цхьанне агIор дан аьтто бацара церан", - билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица къамелдинчу бакъоларъяран тобанан декъашхочо.


Магамадовн, Исаевн гIуллакх еххачу хеначохь кхечу регионе дехьа ца доккхура, тIаккха Нохчийчохь бакъонца и талла аьтто бацара Iедало талламна тIе Iаткъам барна, аьлла хета адвокаташна.


Низамца толлуш далахь и кхелан сацам дIабаккха беза , ша гIуллакх юха талла деза, амма кхелан сацаман хьокъехь тешам бац тхан", - билгалдаьккхина "СК SOS-н" пресс-секретара Марошникова Александрас.


"Владимирский централ" цIарца евзачу Владимиран кIоштерчу Набахте-2 чохь латтош ву Магамадов. Краснодаран мехкан Ахтарское эвларчу ИК-11 набахтехь ву Исаев.



Бехке хиларх тоьшалла дина цахилар а, кхел йоьдучу заманчохь низамаш дуккхаза дохийна хилар а тергалдо адвокаташа, царна хетарехь, вежаршна тIаьхьабовлар церан сексуалан ориентацица а, гендеран билгалонашца а доьзна ду (цу шиннах цхьаъ гей ву, важа гендере дехьавала дагахь хиллера), иштта цара Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь йолу телеграм-канал лелорца.
2021-чу шеран Чиллан-баттахь Магамадов а, Исаев а лачкъийра Нижний Новгородерчу кризисан хIусамера, и шиъ Нохчийчу дIавигира. 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь цара дIахьедира, шайна йетта, бехкаш тIелаца бохуш. Царна тIехь къизаллаш лелорах бехктакхаман гIуллакх доло реза ца хилира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалла.
2021 шеран Охан-беттан 19-чу дийнахь конституцин бакъонашкахула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу Европан центро а, "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" а юкъахь арз чуделира Германин федералан кхеле Кадыровн гонахарчу пхеа стаганна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдар доьхуш. Бакъонашларъярхоша уьш бехкебо сексуалан башхаллашца доьзна нах лецарна, хьийзорна, гендеран башхаллашца бахьанехь 150 стаг лаххара а вейтарна.
ТIаьхьо 29 дуьненан пачхьалкхо Оьрсийчоьнан Iедалана дагадаийтира, Нохчийчохь ЛГБТ-нахана тIаьхьабевлла лелар дуьненаюкъарчу низамашца талла деза аьлла. 2018-чу шарахь ОБСЕ-н эксперта динчу жамIех лаьцна ду и дIахьедарш. Нохчийчохь "ЛГБТ-наханна тIаьхьбевлла леларан гуш долу тоьшаллаш" карийра экспертна  кхинйолу адамийн бакъонаш талхорца цхьаьна.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *