Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Йовш йолу бизнес: Нохчийчохь миллионийн контракташ цхьана денна кхоьллинчу фирмашна кхочу

Йовш йолу бизнес: Нохчийчохь миллионийн контракташ цхьана денна кхоьллинчу фирмашна кхочу

Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министраллин яккхийра пачхьалкхан контракташ сих-сиха тендерш хилале регистраци йинчу индивидуалан совдегаршна кхочу, тIаккха эцарш чекхдевлча цара шайн бизнес дIакъовлу. Формалехь оцу схемано низам хадош дацахь а, эксперташна цигахь курхаллин билгалонаш го. Амма царна массарна а хетарехь, антимонополан сервис цкъа а хIуттур яц республикера тендеран эцарш талла.

Гезгмашин-баттахь зорбанан министралло Нохчийчохь президент хиллачу Кадыров Ахьмадан цIарх дуьненаюкъара журналистийн конкурс дIаяхьа 10 миллион соьмана тендер хIоттийра. Цуьнан техническан тIедилларца а догIуш, толамхой базбийр бу 750 -гIа цIеналла йолчу 50 грамм дешех йина пелаган статуэткаца а, миллион сом ахчанца а. Хьалхара меттигаш яьхначарна лур ю статуэткаш а, 10 эзар соьмаш а - 10 толамхочунна кхочур ду уьш. Цул сов, ахчанаш лур ду жюрин декъашхошна: Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара кхайкхинчу комиссин 12 декъашхочунна 150 эзар сом лур ду, тIаккха меттигерчарна (8 стаг) - 100 эзар сом.

Оццул комаьршачу тендерехь толам баьккхинарг ву совдегархо Аухадов Iарби, оцу статусе язвелла иза товбеца-беттан 20-чохь – и контракт дуьххьарниг ду цуьнан. Масех кеп-кепара гIуллакхаш лелош ву аьлла, язвина ву Аухадов: хIусамаш, петарш эцарна, штукатурка хьакхаран белхашна тIера, ловзарш, юбилейш хIитторна, металл а, мехкадаьтта а дохкарна, юьртбахаман техника лизинге эцаран а белхашна тIекхачалц.

2020-чу шарахь оцу тендерехь туьйлира Тушиева ПетIмат. Индивидуалан совдегар санна 2020-чу шеран товбеца-баттахь йира цо регистраци, амма шен бизнесна ликвидаци йира цхьайтта бутт баьлча. Ша болх бинчу шо ца кхоччуш йолчу хеначохь Лахарчу Нойберера ИП Тушиевас Нохчийчохь 27 тендерехь толам баьккхира 100 миллион гергга соьманна. Аухадов санна массо агIонехула говзанча хилла иза: масала, 14 миллион гергга соьмана Устрада-ГIалара юкъараллин меттигаш кечъяран белхаш тIелаьцна цо, тIаккха 8 миллионах Кадыров Ахьмадан цIарх журналистийн конкурс кечйина, тIаккха белаш, нуйнаш, щеткаш латтийна, "Ислам – религия мира и созидания" олу семинараш дIаяьхьна, некъашна ремонт йина, кхоьш, мандаринаш оьцуш болх лелийна.

Зобанан министраллин кхин а цхьа партнер ю ГIой-Чу эвлара ИП Сардалова Мубарик, 2021-чу шеран лахьан-баттахь регистраци йина ю иза, тIаккха реестрехь ликвидаци йира цунна кху шеран мангалан-баттахь. Соьлжа-ГIалахь арахьара делегацеш тIелацаран 8 миллион соьмах барам хIотторан тендерехь толам баьккхира Сардаловас.

Совдегархочо Тукуев Денислама охан-беттан 1-хь йина регистраци, тIаккха шен ИП кху шеран марсхьокху-беттан 26-хь дIакъевлина цо. ИП дIакъовлале бутт хьалха Тунисера, Таджикистанера, Пакистанера, СаIудин Iаьрбочуьра делегацеш тIелацаран 10 млн соьманна йолчу тендерехь толам баьккхира цо. Товбеца-беттан 28-хь хIоттийра контракт, тIаккха марсхьокху-беттан 5-хь белхаш баран акт хIоттийра. Амма нохчийн официалерчу зорбанашкахь Соьлжа-ГIала арахьара делегацеш яьхкина хиларх лаьцна цхьа а хаамаш бац оцу хенахь.

Еххачу хенахь лаьттинчу ИП-х цхьаъ ю Элимбаева Себила – дуьззина доцучу кхаа шарчохь 36 тендерехь толам баьккхина цо: зорбанан министраллина 15 млн соьманна барамаш хIиттор, 2021-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарх йолу журналистийн конкурс хIоттор, цомгашчу нехан а, оьрсийн меттан хьехархойн корматалла талларан а кехаташ эцар, Нохчийчоьнан туристикан таронех лаьцна видеош яхар а.

2021-чу шеран гезгмашин-баттахь регистраци а йина, тIаккха шо даьлча иза дIакхевлина волчу совдегархочо Солсаев Рамзан Саид-Эминовичас хьалха гIуран-баттахь иштта толам баьккхира арахьара делегацеш тIелоцуш, бюджетера 12 млн сом делира цунна. ТIаккха юха а сихвалар: гIадужу-беттан 23-хь хIоттийра контракт, амма белхаш чекхбахарен акт дечкен-беттан 14-хь хIоттийра.

Билгалдаккха деза, электронан адресаш а вовшех тера ду "цхьана денна кхуллучу" совдегархойн: Сандаловин иза 7-938-8560007smm-II@mail.ru, Тушиевин - 7-928-7398565petim@mail.ru, Аухадован - 7-928-5556999mas@bk.ru, Солсаеван - 7-938-2905560solsaev-9595@mail.ru.

Нохчийчоьнан зорбанан министралло а, кхечу хьукматаша а тендершкахула контракташ рогIерчу бизнесхошца а, шортта зенделларг долчу яккхийрачу компанешца а йо. Амма хIинцца шайн бизнес а йолийна, тIаккха иза дIакъовлуш болу нах царлахь толамхой хуьлуш дуккха а меттигаш нисло республикехь.

Аномале меттиг

Пачхьалкхана оьшург эцарехь заказхочо бехкамаш хIитто мега компанин белхан хьокъехь, йа оьшуш йолу ресурсаш, леррина техника, белхахой а буй хьожуш. Масала, гIишлош йоттаран а, некъашна ремонт яран а сферашкахь. Масала, социалан объекташ йоьттина зенделларг долу подрядчикаш билгалбаха аьтто ло цо. Амма конкурсаш хIитторан, йа арахьара делегацеш тIелацаран а тендерашкахь иштта бехкамаш хIитто аьтто бац, дуьйцу Кавказ.Реалиига Къилбаседа Кавказерчу цхьайолчу республикера тендераш кхуллуш йолчу администрацин белхахочо, шен цIе хьулъян лиъна цунна.

Къамелдечо билгалдоккху, индивидуалан совдегархочунна къаьсттина цхьа йоккхачу тендерна лерина регистраци йар лелаш хIума ду, амма курхаллин схемашкахь даьржина яц. Бехкамаш тидаме эцна ду: тайп-тайпана регистраци йина меттигаш, электронан почташ йолчу совдегархоша толамаш доху тендерашкахь, юьхьанца и дерриг низамца догIуш хета тарло. Амма иштта контракташ гуттара а гучуйийларо гойту, ахча "дехьадоккхуш" хилар, амма Нохчийчуьрчу антимонополан сервисо а, прокуратуро а бIаьргаш хьаббина дуьту и гIуллакх.

Пачхьалкхан контрактехь толам баккхале масех бутт хьалха регистраци йина йолу компанеш – иза тамашена истори ю, цу тIе тидам бахийта беза, мел кIезга а, Федералан антимонополан сервисо. Кхин ду, буьйцург таханлерчу республикан куьйгалхочун ден цIарх статусан барам балахь, тIаккха нохчийчуьрчу ФАС-н урхаллера цхьа а белхахо хIуттур вац иштта контракташ къийса, куьйгаллера политикан Iаткъам барна шаьш кхерарна, билгалдоккху "Трансперенси Интернешнл-н" оьрсийн сервисера коьртачу директоро Шуманов Ильяс. 

Шумановс мах хадабарца, муьлхха а болх тIелоцу подрядчикаш бу тамашена: цитрусаш эцарна тIера некъийн ремонташна тIекхачалц.

"Компани инвет-бизнесехь болхбеш ялахь, цо конкурсаш, барамаш хIиттабо, амма ремонташ ца йо. Суна хетарехь, оцу исторехь и коьрта "цIен байракх" ю. Нохчийчоь а йоцуш, кхечу рогIерчу регионехь ФАС-о таллам бан мегара, хила тарло, низам хедор гучудаккха а. ХIунда аьлча, оцу тайпа шортта функционал йолуш, тайп-тайпана белхаш деш йолу бизнес аномелех тера ю", - билгалдаьккхина Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

Амма эксперт реза ву, формалехь ягарйина факторш низам дохош яц, оцу бух тIехь "цхьамма куьйгалла деш хилар билгалдаккха йиш яц", иштта аьтто бац, Нохчийчоьнан зорбанан министраллин контракташ иштта хIиттийна хилар чIагIдан а.

"Нохчийчохь долчу хьоло дуккха а хеттарш кхуллу, амма уьш дерриг контроль латточо листа деза. Уьш тамашена эцарш хилар, низам хедош хиларна тоьшалла деш йолу шортта "цIен байракхаш" йолу подрядчикаш хилар гуш ду. Амма контроль латточо – Нохчийчоьнан УФАС – цу тIе тидам ца бахийта мега", - чекхдаьккхина Шумановс.

"Пайдабоцу низаман кехат"

Иштта схема Нохчийчоьнан куьйгалло масийттаза лелийра дайначу шерашкахь. Масала, Соьлжа-ГIалахь Кадыров Рамзанна гIала, кхинйолу вип-резиденциш юттуш кхойкхура компанеш, тIаккха даккхийра ахчаш дайъиначул тIаьхьа ликвидаци йора цара шайна, дийцина Кавказ.Реалиига таханлерчу Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь болчу 1ADAT боламехь.

Иштта, Соьлжа-ГIалина юккъера комплекс юттуш масех компани хилла, боху "Новые ведомости" гIирсо - ООО "Капстрой", ООО "Рассвет", ООО "Береза". "Капстрой-н" 100 контракт яра 360 млн соьманна, "Рассветан" – 34 контракт 200 млн гергга соьманна, "Березкан" – 21 контракт яра 400 млн соьманна. И ерриг компанешна ликвидаци хилира тIаьхьо.

"КадыровгIарна объекташ юттучу юкъанна йоккха пачхьалкхан заказ кхочуш нислора компанешна. Масала, Кадыровн Соьлжа-ГIаларчу резиденцина уллехь доккха дакъа ду, цу тIехь ехаш цуьнан зуда Медни а, нана Аймани а ю. Амма, тхуна девзаш ма-хиллара, юьхьанца и дакъа кхечу Iалашонца билгалдаьккхина дара", - боху 1ADAT-н векало.

Нохчийчоьнан зорбанан министраллина йоцачу ханна кхуллу компанеш стенна оьшу дуьйцуш, боламехь дIахьедо: низам хедочу кегийрачу хьаькамаш Кадыров санна жоьпалле ца озош хир дац. ХIоранна хаьа, ша оцу зуламийн жоьпаллехь вуйла, цундела низамехь лелаш санна кеп хIоттайо цара, "курхаллин схемаш формалехь долчу пайдабоцучу кехатца хьулъеш". Нохчийчуьра пачхьалкхан тендераш баккъала а толлур яц, тешна бу боламехь.

Оьрсийчоьнан къилберчу къаьмнийн культурин а, спортан а фестиваль Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьийта бюджетера 36 миллион сом хьажош Марсхьокху-беттан 31-чохь омрана куьйгъяздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цигахь дакъалаца тарло цхьандекъо бен къобалъязчу Абхазин спортхоша а, иштта сепаратистийн «ДНР», «ЛНР» республикаша а.

Нохчийчохь Кадыров Рамзанан ден винчу денна 364 барам дIабахьа Iалашо хIоттийнера Нохчийчохь – царлахь чIерашлецархойн къийсадаларш а, соцхаттам а бара. Кадыровн доьзалан гонах культ дIахIоттийначу хьелашкахь Нохчийчохь муха даздо Кадыров Ахьмадан вина де, дийцира Кавказ.Реалиино.

Кавказ.Реалиис яздира Кадыров Ахьмадан культ яржорах – махкахь 300 урам бу цуьнан цIе лелош, Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназиш, аэропорт, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан Дог" маьждиг, "Новая газето" цуьнан ларми чохь дуккха а нах байарх лаьцна дийцина, Росгвардин полк а. Кадыровн-воккхахволчун цIе тиллина ЦIоьнтара эвлана – Ахмат-Юрт. Цул совнах, 2020-чу шарахь дуьйна США-н финансийн министраллин санкцийн тептарехь йолу республикера футболан а, латархойн а клубаш, иштта, Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а. Кадыровн портреташ го Соьлжа-ГIалин урамашкахь.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Москве достраивают дом по реновации в Котловке

«Мы, блогеры, выстраиваем надежные и доверительные отношения с подписчиками»: Женя Ершов стал спикером ПМЭФ-2024

В Пушкине объявлен конкурс на реконструкцию ВЗУ № 1

Забытый в Германии. Пьяный фанат сборной Англии проспал 5 часов на стадионе

Музыкальные новости

Сергей Собянин: Активно укрепляем отношения с Китаем

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Более 500 спортсменов поучаствовали в фестивале «Спорт для всех» в Мытищах

Неблагодарный батька или о чем говорил президент Белоруссии с делегацией Азербайджана?

Новости России

«Мы, блогеры, выстраиваем надежные и доверительные отношения с подписчиками»: Женя Ершов стал спикером ПМЭФ-2024

В Пушкине объявлен конкурс на реконструкцию ВЗУ № 1

Школу на 1100 мест на улице Мира построят до конца года в Мытищах

Свыше 6 тысяч подростков нашли работу на лето в Подмосковье

Экология в России и мире

СЛД «Красноярск» компании «ЛокоТех-Сервис» получило право ремонтировать грузовой электровоз «Ермак» в объеме ТР-2

Триумфальное возвращение Льва Лещенко на сцену спустя месяцы затишья. Артист презентовал дуэт с солистом группы “Парк Горького” Сергеем АРУТЮНОВЫМ

Как Россия уступила Азербайджану значительные территории Дагестана и два села

Жена туриста, убитого электрическим током во время купания в джакузи на курорте, подала в суд прямо с больничной койки

Спорт в России и мире

Теннисисты Медведев и Рублев сохранили позиции в рейтинге ATP

Рублёв и еще два российских теннисиста не сыграют на Олимпиаде в Париже

Самсонова поддержала Андрееску после победы над ней в финале турнира в Хертогенбосхе

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Moscow.media

В Екатеринбурге начался второй этап опрессовок

Кинотеатр GOS-FILM: твой гид в мире фильмов

Страхование грузов: 7 правил безопасной перевозки

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *