Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIебарта-Балкхаройчоь а, Нохчийчоь а хIусам лаца аьтто болчу рейтингехь тIаьххьара ю

Петар лаца бахархошна уггар аьтто боцучу регионашлахь ю ГIебарта-Балкхаройчоь а, Нохчийчоь а – иштта сацам бина пачхьалкхан "РИА Рейтинг" агенталлан талламхоша.


Росстатан зерашца бина и талламаш, хIора регионехь шиъ бер долчу доьзална рогIера ши чоь йолу петар лаца аьтто хилийта хIора баттахь даккха деза ахча тидаме а оьцуш хIоттийна рейтинг.


Билгалдаьлла, кху шарахь ГIебарта-Балкхаройчохь доьзало оцу гIуллакхна мел кIезга а 85,2 эзар сом даккха деза, т1аккха и аьтто 15,4% бахархойн бен бац. Нохчийчохь и барам 17% бу – цигахь диъ адам долчу доьзална петарх д1адала а, рог1ерчу г1уллакхашна оьшу ахчан барам а 79,5 эзар сом бу.


Итт аутсайдерийн* тептаре нисъелла ГIалгIайчоь (19% бахархойн аьтто бу петар лаца), Дагестан (20,1%), Кхарачойн-Чергазийчоь (21,7%), Къилбаседа-ХIирийчоь (23,8%). Краснодаран мохк 71-чу могIарехь нисбелла 26,9% терахьца, Ростован мохк 57-чу меттехь бу (32,9%). Къилбан а, Кавказан а регионашлахь петар лаца аьтто лакхара бу Волгоградан махкахь, 68,9 эзар сом оьшу цигахь. ТIаккха и лаца таро ю 38,1% бахархойн.


Рейтингехь хьалхара кхо меттиг яьккхина Ямало-Ненецкан автономан гоно (69,6%), Чукотко (59,1%), Ханты-Мансийско (56,7%).


*Оьрсийчоьно аннекси йина Г1ирма а, Севастополь а юкъалоцуш.



2021-чу шеран жамIашца Къилбаседа Кавказан ялххе а республика къоман дахаран дикаллин рейтингехь аутсайдершлахь нисъелира.
2021-чу шеран лахьан-баттахь хиира, дахаран дохалла дIадахлур долчу тIебогIу пайда лаккхара а, юккъера а болчу 37 пачхьалкхашлахь Оьрсийчоь лидер яларх. И гайтам лахбелла божаршлахь 2,33 шарна, зударшлахь 2,14 шарна. Цунах лаьцна дийцира британхойн BMJ журналехь зорбане баьккхинчу талламехь
Дахаран дохалла Нохчийчохь деа шарна ала мегар долуш лахдира ковидан пандемино 2020-чу шарахь.
2022-чу шеран гезгамашин-беттан жамIашца, Оьрсийчохь бахархошна мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа, - хеттарш дина ах бохург санна бахархой сингаттам, кхерам, оьгIазалла ловш схьабогIу. Церан синхIоттаман индекс охьайер ю мел кIезиг а 14 шерачохь. "Левада-центран" графика тIехь ду иза.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *