Басаевн тобанан декъашхочунна набахтера водуш гIо дарна кхел йина Астраханерчу ФСИН-н белхахочунна
Басаев Шемалан тобанера хила тарлуш волчу Алханов Мохьмадна психиатрин лахзартнера водуш гIо дарна Кировскан кIоштан кхело бехке лаьрра Астраханерчу СИЗО-1 набахтан хадархо Кухтин Денис. Иштта иза бехкево йоккха йал эцарна а, и эца гIортарна а. Шогачу рожан колонехь даккха ворхI а, ах а шо хан тоьхна Кухтинна.
Хан тохарал сов, Кухтинна бархI миллион соьманна гIуда тоьхна, иштта пхеа шарахь низамлардаран органашкахь болхбан ца магийна, йаздо РАПСИ-но.
Талламан версица, жимчу йолах Кухтино мобилан телефон йелла Алхановга, тIаккха кхин а йоккха йал эца дагахь хиллачу хадархочо вада аьтто бина Алхановна, цо кхелан-психиатрин экспертиза чекхйоккхучу юкъанна.
Кухтинс Алханове дийцина хиллера, гIишло чохь муьлхачу меттехь болхбеш йац камераш, иштта эчиг хадош лелош болчу херхан дакъа делла хиллера, амма Алхановс царах кхин пайда ца эцнера, йаздора зорбанаша. Цул сов, тIехьбовларх вадаран некъ а хьехна хиллера цо.
Оьрсийчоьнан коьртачу прокуратурано хаамбарца, бехкевечо дакъалаьцна герзашца эккхийтинчу бунтехь, тIаккха 2000-чу шеран чиллан а, зазадоккху а беттанашкахь Шуьйта кIоштарчу Улус-Кертахь гIаттамхойн могIарехь Псковерчу дивизин эскархошна 2500 стаг волчу тобанца динчу тIелатарехь. Оцу бахьаница вийра 84 эскархо, кхин а веанна чевнаш йира.
Официалан хаамашца, Алханов вина хIетахь Нохч-ГIалгIайчоьнан АССР хиллачу Теркйистехь 1982-чу шарахь. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь цуьнан 12 шо дара, ткъа Псковерчу дивизин 6-чу ротерчу эскархошна тIелетачу заманчохь иза кхиазхо ву. Алхановн адвокато чIагIдора, тIаме кхиазхой ца буьгура Басаевс бохуш. Цул совнах, цуьнан дегIа тIехь таммагIаш а, ларраш а яц йа чевнаш йина а, йа еххачу заманчохь герз лелийна а. Адвокатан дешнашца, бехктакхаман гIуллакх диллина, 20 шо даьллачул тIаьхьа иза вевзина шена баьхначу оьрсийн спайперо динчу тоьшаллина тIехь.
Астраханан мехкан клиничеескан психиатрин лазарнера кхелан-психиатрин экспертизин стационарера ведира Алханов гIадужу-беттан 26-хь, тIаккха 2021-чу шарахь лахьан-беттан 2-хь дIалецира. Кухтин лецира 2021-чу шеран лахьан-беттан 3-хь.