Кадыров Рамзанан хьехамча цхьанакхетта Белградехь Сербин президентаца
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Iарбойн а, бусулбачийн а пачхьалкхашкахь векал волу Даудов Турко Белграде веана, Сербин президентаца Вучич Александрца цхьанакхета, яздо Балканан Свобода Радионо.
Даудовс инстаграмерчу шен аккаунтехь бинчу хаамца, Вичиче а, сербахойн халкъе а маршалла дIаделла цо Кадыров Рамзанан цIарах, билгалдаьккхина, "дуккха а бIешерашкахь Оьрсийчоьнан а, Сербин а вежараллин юкъаметтигаша рогIера юха а дIагайтина шайн чIагIалла" аьлла. Жоп лучу Вучича чIагIо йина, Оьрсийчоьнан халкъ сербашна вежараллин къам хилар, "цхьаммо а Iаткъам бахь а, юхур йолуш яц" аьлла.
ТIаьххьара Даудовс совгIатна верта а, чола куй а белира Вучична. ХIун Iалашо яра цхьанакхетаран, хIун дийцаредира шина политико – хууш дац.
Оцу цхьанакхетаран тергойина твиттерехь Европарламентехь ах Косово Республика къобалйинчу рапорт йоьшучу Виола фон Крамона. Ши сурт зорбане хIоттийна цо. Цхьанна тIехь президент Вучич ву Германин канцлер хиллачу Меркель Ангелица 2018-чу шарахь, "Муха доладелира хIара" аьлла, бухахь а яздеш. Кадыровн хьехамчан Вучичца 2022-чу шарахь хиллачу цхьанакхетарехь даьккхина ду шолгIа сурт, цунна буха яздина "Муха дIадоьдуш ду хIара".
Оьрсийчоьнан Федерацино къобалъеш яц Косовн суверенитет, цигахь яц цуьнан дипломатин миссиш.
Сербин а, Нохчийчоьнан а яц уллора экономикан а, политикан а юкъаметтигаш, амма Белградо а, Кремло ю юьйцу уьш "вежараллин" ю бохуш. Цуьнан коьрта бахьана ду, Косовоца юкъаметтигаш дIанисъйеш доьлхучу дийцаршкахь Оьрсийчоьно гIо латтор. Доккхачу декъанна, стохка хаамбора, Сербихь цхьахболу урам Нохчийчоьнан куьйгалхочун веллачу ден Кадыров Ахьмадан цIарах хилийта дагахь бу бохуш, иштта дуьйцура КъорIан Iамош школа йилла а Iалашо ю аьлла.
Марсхьокху-баттахь Сербин президенто Вучич Александра дIахьедира, "нохчийн а, чергазийн а" цхьа тоба йоьзна хиларх ах къобалйинчу Косовоца рогIера конфликт марсаяккхарца. Цо цIераш яьхначарлахь бара Кадыров Рамзанан рожан критикаш. ДIахьедар бух болуш хиларх шеконаш яра Кавказ.Реалиино хеттарш динчу экспертийн – царна хетарехь, президентан вистхилар Серби а, Нохчийчоь а гергаяхар ду, ткъа Вучич Балканан ахгIайри тIера бахархой кхерон гIерта "кхерамечу нохчашца" аьлла.
Доьдучу шеран дечкен-баттахь Сербира делегаци кхечира Нохчийчу – шина пачхьалкхан сацам хилира боксан сферехь юкъахь болх бан. Сербин боксан Ассоциацин дIахьедарца а догIуш, Кадыров лерина ву Соьлжа-ГIалахь Сербин а, Оьрсийчоьнан а цхьаьнатоьхна командаш кечъян, кхиндIа Белградца юкъаметтигаш "шина а пачьалкхана пайден йолуш" кхион.
2021-чу шеран товбеца-баттахь Билечехь дIаяхьначу Chechen Fest эшарийн фестивалан рекламин коьрта турпалхо хилира Кадыров Рамзан. ТIеман барзакъца долу цуьнан сурт дара фестивалан афишаш тIехь, иштта социалан машанашкахь зорбане даьккхина а. Фестивал вовшахтухучара дIахьедира, къовсаме хIуммаъ ца го шайна Кадыровн суьрташ хIитторехь, ткъа Chechen Fest аьлла тиллина цIе, цара бахарехь, забар санна дагадеана хIума дара.