Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийн диаспорера студент бехкевина Францехь теракт ян гIортарна

Нохчийн диаспорера студент бехкевина Францехь теракт ян гIортарна

Парижера берийн гIуллакхашкахула йолчу кхелехь листа долор ду, 2018-чу шарахь шен 16 шо долуш лаьцначу Нохчийчуьра вахархочун гIуллакх. Меттигерчу колледжан дешархо, цуьнан цIе йоккхуш яц, бехкево берийн бешахь теракт ян дагахь хиларна а, террорхойн ДаIиш организацих дIакхетарна а, хаамбина "La Depeche" гIирсо.

Талламан версица, бехкевийриг зIенехь хилла Безьера а, Страсбургера а нохчийн диаспоран шина векалца телеграман къайлахчу чаташкахь. Царех цхьаъ – 17 шо долу Алсан ву, Парижехь 2018-чу шарахь тIехбуьйлучу нахана тIелатарна бехкевинчу Анаев Iабдул-Хьаькиман ваша. ШолгIаниг И. Адам ву, цо даредина, ша студентаца дийцарш дина Шемарчу а, Иракъерчу а, Афганистанерчу а даIишхошца зIене валарх аьлла. Оцу ханахь Адаман ваша лаьцна вара Марселехь, тIелетарша дан Iалашонца лоьлхуьйтурш ярна.

Журналисташа бечу хаамашца, Францин къайлахчу сервисийн аьтто хиллера кегийчу нехан къамелашка ладегIа – цара дийцарехь, ДаIишах дIакхета лаам хилла церан. Кхиазхошна юкъавахна хилла цхьахволу белхахо, ша Шемахь тIемаш бен гIаттамхо волуш санна, цуьнца динчу йозанашкахь лаьцначу студенто хоьттуш хилла, берийн бешана тIелатар дар бекхам бар санна лара тарлой бохуш, Францин дозанаш тIехь тIелетарш дан ша дагахь хилар хоуьйтуш. И къамел дина ши кIира даьллачу хенахь къайлахчу сервисашка видеоролик кхаьчнера ДаIишна ваIда деш, цу тIера ши кхиазхо вевзинера- цул тIаьхьа лецарш долийра.

"La Depeche" ресурсо 2018-чу шарахь ма-яздарра, Нохчийчуьра вахархочун цIахь талламаш бинера ницкъахоша схьаяьккхира компьютеран техника, ткъа иза ша лаьцна витира.

2018-чу шеран стигалкъекъа-беттан 12-чохь Парижан 2-чу гонашкарчу Монсиньи урамехь зуламхочо арсаш диттинера некъаца кара веъ-веъначунна, "АллахIа Акбар" бохуш, мохь а бетташ. ТIелеттарг лаца гIоьртинера полисхой электрошокерца, делахь а церан кара ца ваханера иза. Цул тIаьхьа оцу стагана тапча тоьхнера. Терактах жоьпалла даIишхоша шайна тIелецира. ТIелатарна бехкевира Азимов Хьасан, тIаьхьа Францехь лецира кхин а масех стаг, цуьнца юкъахь хилла вара аьлла.

Францехь терроризмех долчу гIуллакхашкахула болчу талламан суьдхоша дерзийра нохчочо Анзоров IабдуллахIа Парижана гергарчу Конфлан-Сент-Онорин меттигехь 2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-чохь 47 шо долу хьехархо Пати Сэмюэль верца доьзна гIуллакх.

Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ. Нагахь санна, цаьрга хьовса лууш дацахь, цо пурба деллера бусулбачу къомах болчу дешархошна классера арадовла.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центре кхечира, политикан тховкIело йоьхуш хиллачу, Оьрсийчоьне дIавеллачу Нохчийчуьрчу Мурадов Дауда шайга кхачийна конфиденциалан информаци Оьрсийчоьнан официалан органашка Францин Iедалхоша дIакхачорах тоьшаллаш. Иштта дIакхачийнера Мурадовс шен гергарчех а, шена гIо динчу бакъоларъяран организацех а шайга мел дийцинарг. 2020-чу шеран гIуран-беттан 11-чохь Францира араваьккхира Мурадов, Оьрсийчу дIа ма кхаччара лецира иза, цунна тIехь ницкъ бинера, велира иза чиллан-беттан 6-чохь, Нохчийчохь лаьцна латточу заманчохь. 19 шо дара цуьнан лечу хенахь.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Российские войска освободили Загорное в Запорожской области

В Мытищах за неделю устраняется порядка сотни разрушений дорожного плотна

Воробьев поздравил дивизию имени Дзержинского со 100-летием

Севастопольские спортсмены готовятся к футбольному штурму Санкт-Петербурга

Музыкальные новости

Сергей Собянин. Главное за день

Филипп Киркоров, Shaman, Сергей Жуков, Катя IOWA показали награды и наряды в студии "Авторадио"

«Понял, что скоро позовут в «Динамо»: 17-летний ставропольский футболист играет за команду мастеров

«Волшебные башмачки Элли» - эта постановка создана по мотивам знаменитой сказки Александра Волкова «Волшебник Изумрудного города» - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Новости России

«Кухня на районе» прервала работу из-за случаев ботулизма у нижегородцев

Мосбиржа не торгует валютой США. Последствия для экономики РФ по мнению экспертов

В Петербурге отреставрируют два объекта культурного наследия

Выездной пункт приема гуманитарной помощи отработал в селе Липицы

Экология в России и мире

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Первый Международный фестиваль «Мир классического романса»

Как Россия уступила Азербайджану значительные территории Дагестана и два села

Сэкономить и оторваться с Angsana Velavaru

Спорт в России и мире

Теннисисты Медведев и Рублев сохранили позиции в рейтинге ATP

«Надо чем-то жертвовать». Арина Соболенко отказалась ехать на Олимпиаду в Париже

Курникова показала трогательные фото Энрике Иглесиаса

Лучший теннисист Казахстана узнал позицию в обновленном рейтинге ATP

Moscow.media

Hyundai привозит в Россию старый добрый седан по цене LADA Vesta

Прогулка по Москве 1962 года

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки

ТСД промышленного класса Saotron RT-Т510







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *