Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Мобилизацих ведда хилла ши нохчо лаьцна Австрихь

Австрин депортацин набахтехь латтош ву, тIекхойкхуш военкоматера кехаташ кхаьчначул тIаьхьа республикера ведда Нохчийчуьра ши вахархо. Уьш Хорвати юхабахийта дагахь бу – тарло цигара Оьрсийчу царна депортаци ян а, дийцина Кавказ.Реалиига къобалъязчу Нохчийн Ичкерия республикан векало Дунаева Розас.


Цо дийцарехь, кхо кIира хьалха кегийнах дагахь хиллера Хорватера Австрий йа Германи кхача, шайна тховкIело йеха. Австрица долчу дозанехь лаьцнера и шиъ. Карарчу хенахь Штайермарк кIоштарчу депортацин набахтехь ву и шиъ.


"Полицино и шиъ ара ца хоьцу, кхоьру уьш кхин дIа бахарна. Хорватера жоп даре хьоьжуш Iаш бу уьш, оцу пачхьалкхе уьш юхабахийта. Хорватихь тховкIело лур яц царна – иза нийса Оьрсийчу некъ бу. И шиъ цIераваьллачул тIаьхьа кадыровхой бахана хиллера церан цIа – гергарчара долара баьхна уьш", - дийцина Дунаевас.


Кавказ.Реалиина хууш ю церан цIераш, амма кхерамзаллин гурашкахь и хаамаш баржош бац. Оцу шина нохчочунна тIехь доладийр долу нах лоьхуш бу хIинца Австрихь. Цо таро лур ю царна, Iедалхоша депортаци ярх сацам баллалц собар дан, набахтехь а ца Iаш, цигахь, Дунаевас бахарехь, ледара хьелаш ду.


Цул совнах къобалъязчу Ичкерин векало дийцина, кхо кIира хьалха Австрино Нохчийчуьра 59 вахархочунна депортаци ярх.


"Тхоьгахь аьзнашца яхкийтина аудиош ю церан, амма уьш нахалаяха кхоьру уьш. Цаьрга дIа аьлла хиллера, Оьрсийчу дIагIо йа оха шуна депортаций йо бертаза. Цхьаберш шаьш дIабаханера, паспорташ тIе официалехь мухIарш тоххалц а ца Iаш, вуьйжаш цаьрца къовса севцира, амама хIетте а нуьцкъаша дIахьовсийра уьш. Нахана ца лаьа адамаш даъйа, ткъа Европехь уьш тIе ца лоцу", - аьлла Дунаевас.


Кавказ.Реалиин сайтан аьтто ца хилира маса зIе таса Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн федералан министран пресс-секретарьца Рейзер Кристоферца – телефон дIайеттарх жоп ца делира цо. Нохчашна депортаци ярх комментарий йоьхуш, цуьнан цIарах кехат дахьийтина редакцино. ХIара хаам зорбане боккхучу хенахь жоп кхачанза дара.



Лахьан-беттан 7-чохь дийцадаьккхира Хорватихь Нохчийчуьра бахархой лецарх.  "Европера нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь дийцира, Хорватихь совца дагахь ца хиллера махкара бахархой, цигахула чекхбевлла кхечухьа дIабаха дагахь хиллера аьлла. Цуьнан дешнашца, цхьаболчу мухIажарна тIехь ницкъбинера, кхерамаш тийсинера, аьшнашбинера. Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш бора, миграцин набахтин белхахоша хIуьттаренаш лелорна а, шайна лоьрийн гIо ца кхачорна а. Лецначарлахь бу иштта ЦIечу жIаран волонтераш а, царех цхьа а вац Оьрсийчоьно лехамашка велла а, Хорватин низамаш дохийна а.
Кавказ.Реалиино хаам зорбане баьккхинчул тIаьхьа Хорватин омбудсмено Шимонович-Айнвальтер Тенас терго йира бакъонашларъярхойн хаамашца, Оьрсийчу дIабала хьийзош болчу, шайн махка баьхкинчу мухIажарийн хьолан. Оцу хаттарна тIехула гIуллакх диллина омбудсменан офисо.
Лахьан-беттан 21-чохь Хорватехь листа долор ду шайн пачхьалкхе баьхкина нохчийн мухIажарш арабахарх хьалхара гIуллакхаш. Уьш бехкебо исламистийн экстремистийн боламашца боьзна бу бохуш.  

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *