Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Швецин полицино тIе ца чIагIдо нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо верах лаьцна хаамаш

Нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо верах лаьцна хаамаш тIе ца чIагIбо, комментари ца йо Швецин полицино – иштта йаздина хьукмато Кавказ.Реаллино дахьийтинчу кехатна деллачу официалерчу жоьпехь.


"Швецехь веха стаг верах лаьцна хаамаш дуйла хууш ду Швецин полицин урхаллехь. И зорбанашкара хаамаш тIечIагIдан, йа царна комментари йала йиш йац Швецин полицин урхаллин", – аьлла меттигерчу полицин пресс-секретара Соколов Ирена. 


Хьалхо нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо вийна бохуш дуьйцура 1ADAT телеграм-канало, хаам тIечIагIбора нохчийн диаспоран хьалханчех цхьаъ волчу Масхадов Анзора. Европерчу а, Нохчийчуьрчу а хьенехан хьасташна тIетевжа канал. Масховдовс бахарехь, Абдурахманов масех стага вийна. Амма йа Масхадовс, йа 1ADAT-о а билгал ца доккху, муьлхачу пачхьалкхехь вийна блогер.


Швецихь Абдурахманов Тумсо вийна аьлла тIечIагIбаза хаам гучубелира къобалйазчу Ичкерин цхьахйолчу телеграм-каналан агIонехь гIуран-беттан 1-чохь. И хаам телеграм-каналашкахула дIасабаьржинчул тIаьхьа Кавказ.Реалии редакци масийттазза гIоьртира Абдурахманов Тумсоца а, цуьнан вешица а зIе таса, амма гIуллакх ца хилира. Уьш стенгахь бу а цкъачунна хууш дац Европехь куп тоьхначу нохчийн бакъоларйаран "Вайфонд" организацина.



2020-чу шеран чиллан-баттахь кIелойира Абдурахманов Тумсона Швецехь цуьнан петар чохь. Блогеран аьтто хиллера тIелеттачуьнгара герз даккха а, полици кхайкха а. Оцу гIуллакхна тIехула 2021-чу шеран дечкен-баттахь кхело таIзар кхайкхийра. Кхелйинарш бу Оьрсийчоьнан бахархой. Билггал и зулам дан кхайкхийнарш къаста ца белира, амма суьдехь кхелахочо дIакхайкхийра, "ларо Соьлжа-ГIала вуьгу" аьлла.
Абдурахманов Тумсона тIелатарх долчу гIуллакхца таIзар кхайкхийначул тIаьхьа цуьнан Германихь вехачу вешина йен кIело юкъахйаьккхира. Бакъонашларйархочо бахарехь, иза вер вовшахтохар тIедиллинера, Кадыров Рамзанан шича лоручу Эдельгериев Пахруддина.
2022-чу шеран зазадокху-баттахь Кавказ.Реалии сайто хаамбарца, Германин федералан прокуратуро Нохчийчуьра Д. Валид бехкевира Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу цхьаьннан лаамца шен махкахо вен гIортарна. Цунах лаьцна талламна тIетевжина яздира "Немецкая волна" хьосто.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *