Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шена дуьхьал политикан репрессеш лелийна аьлла кхелехула статус йаьккхина Нохчийчуьрчу йахархочо

Соьлжа-ГIалин Заводскойн кхело къобалдина Радуева Малкана Нохчийчоьнан МВД-н хаамийн сервисана дуьхьал чуделла административан арз, хьалхо цунна дуьхьал политикан репрессеш лелийнера аьлла кехат дала дуьхьал хилира хьукмат. Шен доьзал депортацехь болчу йукъанна Казахстанерчу Адыр эвлахь дуьненчу йаьлла Соьлжа-ГIалара йахархо.


Кхелехь Радуева Малкана (маре йахале Дидиева фамили йара цуьнан) дийцира, шен да-нана Дидиев Абумуслим а, Аюла а 1944-чу шарахь Казахстанехь даха декхаре хилла бохуш. Нохчийчоьнан МВД-но дуьхьало йира арзхочунна реабилитацин кехат дала, хIунда аьлча, Нохч-ГIалгIайн республика меттахIотторан омра арахецначул тIаьхьа дуьненчу йаьлла йу Радуева. Хьукматана хетарехь, цунна дуьхьал политикан репрессеш лелийна йац боху маьIна ду цуьнан. 


Амма Радуевас чIагIдора, ур-атталла омра арахецначул тIаьхьа а цуьнан ден-ненан аьтто бацара Казахстанера дIабаха, цигахь уьш леррина дIатарбина нах санна бехара, буьззинчу барамехь маьрша а баьхна, даймахка йухаберза бакъо йаллалц. 



1944-чу шеран чиллан-беттан 21-хь чоьхьарчу гIуллакхийн къоман комиссар волчу Берия Лаврентийс Сталин Иосифан куьйгаллица омра арахийцира, нохчашна а, гIалгIашна а Къилбаседа Кавказера Казахстане депортаци йар тIедуьллуш, тIаккха ши де даьлча "Чечевица" олу операци йолийра. Шайн хIусамаш дIатаса дийзира ах миллион бахархойн.
Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира 11 къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейцаш.
Къаьмнашна депортаци йарна кеп-кепара мах хадабо Оьрсийчохь а, Малхбузехь а. Нийса дуй-те депортацех дийцар, нуьйцкъаша махках бахарх а ца дуьйцуш, боху Москварчу Iилманчаша. Амма Европера Iилманчаша "депортаци" термин лелайе олу. Масала, вевзаш волчу францхойн историко Куртуа Стефана чIагIдо, Сталинан депортацийн "геноцидан хатI" дара бохуш. Нохчий а, гIалгIай а махках бахаран "Чечевица" олу НКВД-н операци исторехь уггар а йоккха къаьмнийн депортаци лору цо.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *