Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Беро телефон туьйхира: "Мама юьйш ю дадас". ГIалгIайчуьра вахархо бехкево доьзалехь ницкъбарна

ГIалгIайчуьра вахархочунна, полицин белхахочунна Татриев Iумаран хьокъехь таллам болийна Башкортостанехь – иза бехкево шен хIусамнанна а, шина берана а тIехь къизаллаш лелорна. Цуьнан хилла зуда Татриева Аннин да гIалгIа ву. Махкахочуьнга иза маре яхийта лууш вара доьзалан да. Уьш Уфахь Iаш хиллехь а, Татриевас бахарехь, "кавказхойн духехь" кхиийна йара иза.

"Цуьнан бага дIасацайе, йа ас сацайо"

Шен хинволу цIийнда, ГАИ-н белхахо интернетехь вевзинера цунна. Дукха ца Iаш шега маре йола баха волавелира иза, боху цо. Цо дийцарехь, дуьхьал йара хIара, делахь а, эххар а реза хилира, шаьшинна юкъахь хилла йозанаш вукхо нахала дохур ду аьлла, кхерамаш тесча.

Кавказ.Реалиин редакцига Татриевас дийцарехь, юьхьанца психологин ницкъ бора майрчо цунна тIехь, кхуо доккху алапа марнене дIа а долуьйтуш. Кхо бутт баьллачу хенахь Татриевс балхара дIайаьккхира зуда. Дуьххьара цунах летира иза, цо дийцарехь, хIара доьзалхочух а йолуш.

"Токсикоз йара сан, машен меллаша йигахьара аьлла, дехар дира ас. ОьгIазвахначу цо коьртах а, гех а туьйхира суна. Вон хиллера суна, цул тIаьхьа кийрара бер меттахдолуш а дацара. Сайн да-нана долчу Уфа дIайахара со. Шена къинтIера йала, кхул тIаьхьа иштаниг долуьйтур дац, бехира соьга. Сох леттачул тIаьхьа "ша цхьа онда къонах тарвеллера" аьлла хета суна", - дуьйцу Татриевас.

 

Зудчун дешнашца, беран шо кхаьчначу хенахь цунах а цхьана лета волавеллера цIийнда, иза воьлхуш кула йолура цунна: "Цо мохь хьоькхура: "дIалакъайе цуьнан бага, йа ас лакъайо. Беран ши шо долчу заманчохь, дас олура цуьнга "вайна кхин мама оьшу, иза лаха гIо вайша". Беран истерика хуьлура, иза воьлхура, дагалоьцу къамелдечо. Татриевас дийцарехь, берех ша къасторна кхоьруш, уьш кхин ца гайтарна кхоьруш, садеттара цо. Цул совнах, манипуляцеш лалайора цо ша дош лелаш хиларца а, полицихь уьйраш хиларца а.

Татриевас масийттазза гIо дийхира дарбанан цIийнехь, даим цо йеттарна, амма лоьрашка лазийна ша цхьанхьа хьала-охьакхетта олура: "Ас бакъдерг дийцинехьара лоьраша полици кхойкхур йара. ЦIийнден белхан накъостий а богIур бара".

Цо хьахийра, ша ГIалгIайчохь йехачу хенахь ахчанца чIогIа бала хьоьгура, оцу юкъанна шен хIусамдегахь кафехь хIума йиъна, кхечу зудаберашна зезагаш, совгIаташ эцна чекаш керайора шена аьлла. Масех шо даьллачул тIаьхьа Башкортостане дIабахара уьш. Зудчун гергарчеран петар чохь дIайазвинера Татриев, гIаларчу полици балха а хIоьттинера иза.

Чиллан-бутт бовш, кхуьнан воккхахаволу кIанта Эмира доьшучу лицейра хьехархоша тидамбира, кIанта йоьдучу урокехь наб йеш, цхьаъ лозу бохуш, латкъамаш беш, Iеттон дог хуьлуш, жимма а аз айдеш цхьаъ вистхилча, кхералуш. Эмира дийцинера цIахь шайга бала хьегийтарх лицейра психологе Ломакина Вере: "Дас кест-кеста вас йо шена, масийттазза тоха а тоьхна, пенах ветта ша, сийсазво, нанна а йетта бохура беро".

Къамелехь кIанта дагадаийтира, дас масийттазза WhatsApp –хь цхьана йоIаца ша ден йозанаш гойтура шена, цунах "хьомениг", "Эмиран керла мама" а олура цо аьлла. Оцу доллучо а кIант хийраваьккхинера, ша шех бIо ца булуш, билгалдоккху говзанчас.

Татриева школе кхайкхинера, кIентан дешнаш бакъдинера цо. ШолгIачу дийнахь кIентан да тIекхайкхира школе. "Цхьа ша шех тоам беш, агрессиве, манипуляцеш лелош, мохь бетташ, директор а, хьехархо а, психолог а дош ала а ца буьтуш, хьийзара иза. Шена дохку бехкаш тIе ца дуьтура, кIанта аьшпаш буьтту, нанас дуьхьалваьккхина иза бохуш. Шен леларца а, кепашца а цо зен до кIентан могушаллина",- дерзийра Ломакинас.

"Хьераваьллера иза"

Школе кхайкхинчул тIаьхьа, дуьйцу Татриевас, майрчо телефон тоьхнера кхуьнга, кхерамаш тийсинера. Шен берашца да-нана долчу дIайахара иза. Хьалхо зударшна леринчу кризисан центрашка гIо дийхира къамелдечо, цунна хаьара кхерамаш тийсахь ша хIун дан деза. Оцу хеначохь ГIалгIайчуьра шен да схьакхайкхинера майрчо- машенахь бераш дIадига веанера иза. Татриеван деца-ненаца къамел дира мардас. Вукхара цIийнда волчу юха йахийтира иза. Оцу дийннехь, майрчо ша хьо юьтуш ю, бераш ГIалгIайчу дIадуьгур ду аьллера кхуьнга. Зудчуьнгара телефон схьайаьккхинера, шаьш юкъахь лаьцначу петарчуьра а арайаьккхира иза.

Ишта хьал нислахь а аьлла, нуьйданашца лело телефонаш дIайехкинера Татриевас шена а, берашна а аьлла. Iуьйранна воккхахаволчу кIанта телефон а тоьхна, меллаша аьллера кхуьнга да цхьанхьа араваьлла, - цига а йахана, бераш дIадигинера цо. Пачхьалкхан кризисан центро тIелаьцнера уьш. Шен дех-ненах а цхьана лачкъо дийзира цуьнан шаьш долу меттиг.

Татриевас дIахаийтира хьолах лаьцна кхерамзалла Iалашйечу полицин урхалле, шен майрчо лелориг таллахьара аьлла дехар деш. Урхаллина гучуделира полицин белхахочо доьзална дуьхьал Iазапаш лелош хиллийла, гIуллакх Талламан комитете дIахьажийра цара. Балхара дIаваьккхира полисхо.

Хьалхарчу талламхочунна шен хIусамда вевзаш вара, цундела гIуллакх меттах ца долура, боху Татриевас. ТIаьхьо цуьнан аьтто хилира гIуллакх таллар чолхе гIуллакхаш луьстучу хьукмата дIакхачон. Царна карийра факташ, тIаккха дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдира Iедалан кхаа къепехула. Татриевна дуьхьал бехкаш даьхна, шина баттана изолятор чу воьллира иза. Шен уьйраш меттахйаьхна, адвокат лаьцна, гIуран-баттахь кега-мерса дозанаш а тоьхна, кIоштан кхелан суьдхочо лаьцначуьра аравалийтира иза.

Аннас дийцарехь, даим а лечкъа дезаш, ша йеха меттигаш а хуьйцуш, шен хатI а цхьаьна хуьйцуш лела дийзира цуьнан. Бераш цIахь доьшуш ду, секцишка лела йиш йац, шен а таро йац цуьнан балха арайала. Цо бахарехь, хIара ца юьтуш масех баттахь дуьхьалонаш латтийра Татриевс. Цул совнах, латкъамбо Аннас, петаран цIийнан догIанаш хийцина цо, бедарш, документаш, книгаш а схьа ца ло.

 

ХIара йита а йитале хьалха, Татриевс кхеле иск йеллера, берашна гуттаренна а Iен меттиг билгалйоккхуш. Шен дIахьедарехь, цо "жоьпалла доцуш" ю боху хIусамнана: "Иза ледара хьожу берашка, чохь лартIахь доцу хьал латтадо, бераш чийхадо, цаьрга деша а ца доьшуьйту. Стенга йоьду а ца хоуьйтуш, сих-сиха цIера юьйлу иза, наггахь бераш а дуьгу шеца, цо Iаткъам бо церан психикана, цо уьш паргIатонех а, эвсараллех а боху".

Цуьнан адвокато Гарифуллин Расима дийцира Кавказ.Реалиин редакцига, берашна даха меттиг билгалйоккхуш гIуллакх къастор сацийна ду, нана тIе цайаран бахьанашца. Оцу бехктакхаман гIуллакхан таллар объективехь ца хета цунна.

"Iумара дуйнаш биъна суна, ша бехке вац бохуш. Шовзткъа гергга ГIалгIайчохь а, Башкортостанехь а тешаш, гергарнаш, коллегаш, бевза-безарш карийна тхуна. Ас айса хиттина цаьрга, Iумар Iаламат оьзда, бакъахьа, дика да ву бохуш, дийцина соьга. Аннас интервьюш ло, харцо лелайо. Эхь ца хеташ лело харцо ю иза. Тхо кхелехь къовса дагахь ду", - дIахьедира адвокато.

 

Гарифуллина дийцира, зудчунна тIехь ницкъбина боху ши эпизод шаьш листарх. Хьалха корта лазийнера боху, шолгIа – белш. Татриевас чIагIонаш йо, шина дийнахь Iумара йиттира шен коьртах, дегIах буйнашца а, мийрашца а бохуш. Кхелан-медицинан эксперташа бакъ ца йина шоззе а диагноз. Цо дуьйцург хуьлучу заманчохь цIийнда уллохь хилла а вац бохуш, дIахьедо адвокато.

Гарифуллинан дешнашца, Iумарна бераш шеца хилийта лаьа, шен хIусамнана биллгал могуш йац бохуш. Берийн да кхоьру, Татриевана эпилесин лазар а деана, берашна цуьнгахьара кхерам хиларна. Оцу тIехула говзачас дина жамI гIуллакхан материалашна юкъадахийтина.

Ненан бакъонаш хьешна меттиг хилахь, Кавказерчу зударшна консультаци латточу Москвара юристо Селезнева Екатеринас кхетийра, цхьахволчу дена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдар бахьана ду, цуьнагра ден-ненан бакъонаш схьайаха.

Практико ма –гойтту, Оьрсийчуьра ницкъахоша дукха хьолахь агресси латтайо доьзалехь, аьлла хета цунна: "Суна дуккха а меттигаш хаьа, ницкъахой-хIусамдай шайн зударшна тIаьхьабевлла лелаш, цара дуьйцург хаийта ладугIу гIирс хIоттош машенаш чу, гиперконтроль латтош тIехь, псхилогин, ницкъан а Iаткъам беш. Полисхойн цхьа дакъа, вайна хууш ма-хиллара, пачхьалкхехь дакъалоцуш ду бехктакхаиман гIуллакхашна фальсификаци йеш, церан доьзалехь а иштта ца хуьлийла дац. Абьюзерахь балха тIехь делла герз хиларо кхин тIе а кхерам латтабо цара хьийзочаьргахь. Кхерамаш тийсина ца Iаш, и герз тоха а тарло цара".

Тешаме воккханиг уллохь эшар

Татриевас бахарехь, кхуьнан дехаршца дарбанан хIусамашкахь кху шарахь йина ю кхелан экспертиза, цундела, керла чевнаш хаа ца йелла: "Амма пханарехь муо бу бисина. Дечкен-беттан 19-чохь йиттича бисина бу и. Сурт а ду, хIунда аьлча, сан беро сан дега-нене телефон а тоьхна аьллера, "дадас мама юьйш ю". Схьадеанчу дас-нанас сурташ дехира. ШолгIачу дийнахь со дарбанан хIусаме йахара белш а, пханара а дIагайта".

Аннас а, цуьнан бераша а хан йаьккхинчу "Доьзал" махкарчу ресурсан центран эксперташа а жамI дина цаьргарчу хьолах лаьцна: "Элесхан Iаламат боккхачу сингаттамехь а, кхерамехь а ву, иза ларван а, Iалашван а оьшу. Элисхана ша диллинчу суьрта тIехь цхьа нана бен ца йиллина, и бохург хIун ду, доьзалера лалуш йоцу атмосфера хийца оьшуш хьал хилар".

Оццу жамIашца а догIуш, Татриева даим а цхьа йоьхча санна ю , гIора эшна цуьнан, апатаи ю, сингаттам, цхьаъ хила мегара бохучу сингаттамехь лаьтта иза даим а. АНО "Берашна гIо латтон юкъаралла "Таро" цIе йолчу организацино динчу хьесапашца, бераш кхиорехула говзанчаша мел до хьехарш кхочушдеш схьайогIуш ю Анна, "церан кхиарна а, могушаллина а тIехь терго латтайо, бераш ненах доьлла, даим а тIехь цIена а ду".

Карарчу хенахь хьалха а санна, лечкъина йеха Татриева шен берашца, даим а меттигаш хийца безаш хуьлу иза, цхьанхьа а ша маьрша, паргIат ца хета цунна.

"Кавказ. Мир. Развитие"центран президенто Сиражудинова Саидас Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь билгалдоккху, Къилбаседа Кавказехь доьзалехь Iазап хьегийтарца долу хьал чолхе ду, кхечу регионашкахьчул а аьлла.

"Кхузахь ницкъбар бакъдо цхьадолчу даьржинчу ламасташца дозарца а. ТIехула тIе балха тIехь ницкъбан марзбелла, белхан хьолах а, ницкъах а пайда а оьцуш, Iазапен кепаш лело тарло полисхоша зударшна тIехь", - боху Сиражудингвас.

Цо билгалдоккху, полисхойн а, прокуратурин а, талламхойн а зударийн кхин а кIезиг аьттонаш бу шаьш Iалашдан, хIунда аьлча, цара кхерамаш тийса тарло бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш.

***

2020-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Европерчу кхело сацамбира ГIалгIайчуьра яхархочуьнгахьа Губашева Асетехьа, цуьнан хиллачу хIусамдас хIара шиъ къаьстинчул тIаьхьа йоI дIа а йаьккхина, пурба ца лора кхунна иза гайта. Кхелан пурстоьпаша шен йоI шена юхайалош болх бан ма-безза цабарна латкъамбора Асета. Ша ца деш хIума ца дитинера кхеле ца йала гIерташ, бохура зудчо: шайн а, хIусамдена а тайпанашкарчу къаношка а цхьана дийхира, шен хиллачу марзошца бартбан а гIиртира, амма цунах гIуллакх ца хиллера.

Мангал-баттахь ГIалгIайчуьра кхело дуьхьало йира меттигерчу йахархочунна Садакиева Розин бераш шеца дитахьара аьлла дина тIедиллар кхочушдан. Садакиевас латкъамаш бора, шен хиллачу хIусамдас ницкъабрх, иштта шен вашас а, дас а, ша къаьстина йаха ца йитарна а. ТIаьххьарчу масех баттахь мукъаденошкахь шен берашца цхьанакхета аьтто хуьлу Садакиеван, амма хьалха а санна шен денцIахь Iаш ю иза.

Дайначу шеран лахьан-баттахь Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело билгалдаьккхира, Къилбаседа Кавказехь берашна тIехь Iуналла латторан гIуллакхашкахь дискриминаци лелош хилар.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Врачи удалили пациентке кисту с волосами и зачатками костей черепа в Подольске

Доброволец из Ангарска подписал контракт на военную службу в Балашихе

Самых богатых артисток в России назвал Прохор Шаляпин

Тьма в конце тоннеля: к чему приведет стремительная милитаризация Литвы

Музыкальные новости

По благословению схиархимандрита Илия в Орловской области построена православная гимназия

До плюс 50 градусов: Каким городам России грозит аномальная жара летом 2024 года. Опубликован список

Тысячи активистов разгромили офис Socar в Стамбуле, обвинив «Азербайджан» в поддержке геноцидальной политики Израиля в Палестине

«Роза Хутор» теперь тоже в метавселенной

Новости России

Штрафы подняли на совесть // В Москве и Петербурге водители станут платить в несколько раз больше за неоплаченный проезд

Тьма в конце тоннеля: к чему приведет стремительная милитаризация Литвы

Приставы Подмосковья помогли восстановить пожарную безопасность в МКД

МВД: стрелка с Костромской улицы Москвы задержала полиция

Экология в России и мире

Россияне решили этим летом меньше отдыхать на курортах

Победитель фирменной игры «Авторадио» получил ключи от Oting Паладин

Добрые рисунки: «585*ЗОЛОТОЙ» запустила конкурс ко Дню защиты детей

Вкусно и полезно: лучшие сезонные фрукты и ягоды, которые стоит включить в рацион летом, чтобы получить витаминный заряд

Спорт в России и мире

Елена Рыбакина добилась впечатляющего достижения

Российские ракетки сообразили на троих // Даниил Медведев, Мирра Андреева и Элина Аванесян дружно вышли в 1/8 финала теннисного Roland Garros

Джокович совершил суперкамбэк на Ролан Гаррос и установил абсолютный рекорд

Теннисистка из Пятигорска вышла в четвёртый круг турнира Большого шлема

Moscow.media

Торжественное возложение цветов к памятному знаку «Юным героям — партизанам и подпольщикам» в Феодосии

РОССИЮ ОЖИДАЕТ ПЛЮС 50 ГРАДУСОВ: КАКИМ ГОРОДАМ ЖДАТЬ АНОМАЛЬНУЮ ЖАРУ

Военные следователи продолжают оказывать гуманитарную помощь военнослужащим, находящимся в полевых госпиталях

Дайджест новостей «Грузовичкоф» за май







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *