Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Басаевн тIемало ву бохучун гIуллакхехь кхачамбацарш ду аьлла бакъонашларйархоша

Басаевн тIемало ву бохучун гIуллакхехь кхачамбацарш ду аьлла бакъонашларйархоша

Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центрна хетарехь, 2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковерчу десантхошна тIелетта ву аьлла бехкевинчу Алханов Мохьмадан гIуллакх бух боцуш, шайггара кхоьллина ду. Дечкен-беттан 10-чохь дов хатта долор ду цуьнан.

Бакъонашларйархошна хетарехь, Алханов бехкехиларх талламо кхачам боллу тоьшаллаш далийна дац, цуьнан хьокъехь лело барамаш а бакъонехь бац аьлла.

ГIуллакхан 49 томах 10 агIо ю Алхановс Псковн десантхошна тIелатар дарна лерина. Тоьшаллин метта талламо вовзуьйтуш ву къайлаваьхьна ялх теш, оццу бехкана таIзар дина ву боху. Царех цхьаболчарна вевзина Алханов суьрта тIехь, цхьаммо иза гина вац шена аьлла оцу тIелатарехь. Иштта гIуллакха юкъахь ду, 2000-чу шарахь чиллан-зазадокху а беттанашкахь шаьш карабахначу тIемалойх ФСБ-но хIоттийначу тептара юккъера кехат, амма ша тептар къайладаьккхина ду. И кехат дуьххьара гучудаьккхира бехкзуламан гIуллакха юккъехь 2021-чу шарахь.

Адвокато билгалдаоккху, 2004-чу шарахь Алханов лаьцна, итт шо хан кхайкхийна ву гIаттамхошлахь хилла ву аьлла, йоллу хан текхна цо; оцу юкъанна 2004-чу шарахь, ФСБ-н тептар хила дезачу хенахь Алхановга претензеш хилла дац, цо Псковн десантхошна динчу тIелатарехь дакъалацарх.

ШозлагIа иза лаьцнчул тIаьхьа, Псковра десантхошна тIелетта аьлла, Алхановна бехкаш дехкира эскархойн дахарна тIекховдарна, иштта бехкевина иза 2021-чу шеран гурахь психоневрологин дарбанан цIийнера вадарна а.

Иштта иза бехкевора зуламхошна юкъахь хиларна а, герзашца бунт лелорна а, тIаьхьо и бехкаш цунна тIера дехира таIзаре хIоттон хан тIехйаларна. Амма 2022-чу шерахь мангал-беттан 1-чохь бехк тIехь буьтуш сацам хиллачул тIаьхьа, цо бехкхкъасторхойн кхел йийхира, гIуллакх кхин а тIе талла юхахьажийра, цунна тIера даьхна бехкаш а тIехь дитира, зуламхо жоьпе озон магийна хан кхузахь юьйцийла дац аьлла.

Иштта талламан позици ю, нагахь санна, гIаттамхошна юкъара ша дIаваларх цо Iедалхошка хаийтина дацахь, иза йоллу оцу хеначохь царна юкъахь хилла ву аьлла лоруш ду, оцу зуламна тIехула тоьхна хан токхуш хиллехь а, церан могIаршлахь хилла ву иза.

Адвокаташ тIера ца бовлу, гIаттамхошлахь хилла ву аьлла, бехк юха тIеоллар низамехь дац, хIунда аьлча, зуламхо жоьпе озон магийна хан оцу Iедалан къепехь лара цамагор 2014-чу шарахь бен юкъадаьккхина цахиларна. "Мемориало" билгалдоккху, оцу Iедалан къепено могуьйтуш дац гIуллакх бехккъасторхошка далар.

Цул совнах, "Мемориало" дIахьедо, Псковн десантхошна тIелетта бохучийн гIуллакхаш "цхьана Iалашонца" латтош ду, цкъа а хийцалуш йоцчу талламхойн тобано луьстуш ду уьш, ткъа бехкаш дохку, хетарехь, хьалхо таIзар динчу, къайлабаьхьначу тешийн мукIарлонаш тIехь.

Официалана хаамашца, 2000-чу шарахь чиллан-зазадокху а беттанашкахь Шуьйта кIоштарчу Улус-Керт эвлана гергахь Басаев Шемалан 2500 гергга тIемалой тIелеттера Псковрчу дивизин эскархошна. 84 эскархо вийра, кхин а веанна чевнаш йира.

Алханов Мохьмад вина 1982-чу шеран гIадужу-баттахь Лаха Нёврехь, оцу хенахь Нохч-ГIалгIайн АССР. ТIемаш буьйлалучу заманчохь 12 шо хилла цуьнан, ткъа Псковн дивизин 6-чу ротина тIелетачу хенахь 18 шо а кхачанза ву иза. Алхановн адвокато чIагIдора, Басаевс тIаме цкъа а ца буьгура кхиазхой бохуш. Цул совнах, цуьнан дегIа тIехь цхьа а лараш йац чевнаш йина а, йа герз лелийна а.

Лаьцначул тIаьхьа 2021-чу шарахь веддера Алханов кхелан-психиатрин экспертизаш йечу Астраханан кIоштара психиатрин дарбанан цIийнера. 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Оьрсийчоьнан УФСИН-н белхахочо Кухтин Дениса гIо а деш, аьтто баьллера цуьнан. Веддачул тIаьхьа Алханов лечкъаш леллера Астраханехь масех дийнахь, лецира иза Трусовскан кIоштарчу кафе чохь, меттигерчу вахархочо полици телефон тоьхначул тIаьхьа. И хаам барна 100 эзар сом кхаъ беллера цунна.

Лахьан-баттахь Кухтин Денис бехке лерира цунна водуш гIо дарна а, цуьнгара баккхийчу барамашкахь ахча эцарна а, шогачу хьелашкарчу колонихь даккха бархI шой, ахшой хан туьйхира цунна. Оцу юкъанна Алхановс чIагIдо, Кухтине деллачу ахчанан барам – кеп-кепарчу хаамашца, 3000 йа 4 300 сом дара- кхаъ бацара иза, Алхановна юург а, телефон а эца делла ахча дара бохуш.

Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина хилла, амма амнисти еллачарна а. Кавказ.Реалиино ма-дарра яздира иштачу цхьана гIуллакхах лаьцна – ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах.

Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

За три года группа «Самолет» и Ecoplatform собрали для ...

Мария Куликова о своем 12-летнем сыне: «Он уже освоил всю программу Boeing 737»

В музее-заповеднике П.И. Чайковского пройдут «Пасхальные встречи в Клину»

Быстрый путь к карьерному росту: Как купить диплом и добиться успеха

Музыкальные новости

OpenAI готовит конкурента поисковику Google, но на базе ИИ

Сергей АРУТЮНОВ на своём сольном концерте в Государственном Кремлёвском Дворце презентовал дуэт с Родионом Газмановым. Артисты вместе исполнили хит “Люси”

Россия и Культура, Дети: в Пушкинский день театр кукол «Ульгэр» выступил в Мухоршибирском районе Бурятии

В Пушкинский день театр кукол «Ульгэр» выступил в райцентре Ресрублики Бурятия: Россия и Культура, Дети

Новости России

Щелковский водоканал отключает должников от коммунальных ресурсов

Быстрый путь к карьерному росту: Как купить диплом и добиться успеха

Компания PIONEER приступила к монтажу архитектурного освещения фасадов МФК BOTANICA

Более 4 тыс. человек присоединились к акции «Мы помним» в Музее Победы

Экология в России и мире

Дети из Узбекского землячества Бурятии увидели театр кукол «Ульгэр»: Россия и Культура

Участники Всероссийской олимпиады школьников по математике выбрали Marins Park Hotel Нижний Новгород

Традиции и инновации: Развитие онлайн-казино в Казахстане

10 полезных продуктов для сердца

Спорт в России и мире

Теннисист Джокович раздавал автографы в шлеме после попадания бутылкой в голову

Азаренко вышла в 1/16 финала турнира WTA-1000 в Риме

Хачанов вышел в третий круг турнира ATP в Риме

Даниил Медведев одолел 121-ю ракетку мира Меджедовича и вышел в 1/8 финала Рима

Moscow.media

В Подмосковье росгвардейцы почтили память Героев Великой Отечественной войны и возложили цветы к мемориальным комплексам региона.

Дети из Узбекского землячества Бурятии увидели театр кукол «Ульгэр»: Россия и Культура

При силовой поддержке столичного спецназа Росгвардии задержан домушник, маскировавшийся под курьера службы доставки

В День Пушкина театр кукол «Ульгэр» в райцентре Бурятии: Россия, Культура, Дети







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *