Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIалгIайн гIаттамхойн хилла волчу куьйгалхочунна Тазиев Iелина валлалц чохь йаккха кхоалгIа хан тоьхна

"Амир Магас" санна вевзаш волчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Тазиев Iелина велла дIаваллалц къаьсттинчу рожан колонехь йаккха хан тоьхна. Къилбан тIеман гонан Ростов-на-Дону гIалин кхело бина иштта сацам. Полисхошна а, ГIалгIайчоьнан бахархошна а 2009-2010-чу шерашкахь тIелатар дарна бехке лаьрра иза, йаздо ТАСС-о.


2010-чу шарахь ша дIалацалц вевзаш волу буьйранча вара Тазиев. "Вилайят Галгайче" (Экстремистийн "Имарат Кавказан" чоьтехь йолу "Кавказан фронтан гIалгIайн сектор") тоба кхолларна бехкево иза. Талламна хетарехь, шариIатан низамаш а лелаш, йозуш йоцу пачхьалкх кхолларан Iалашонашца 2007-чу шарахь цуьнан куьйгалхо хIоьттира Тазиев. 


ГIалгIайн гIаттамхойн хилла волчу буьйранчана кхоалгIа валлалц тоьхна хан йу и. Хьалхара сацам 2013-чу шарахь бира масех бехкаца, пассажирийн автобус эккхийтарна, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек вен гIортарна, Несарарчу РОВД-н дозанехь теракт йарна а бехкаш дара царлахь. 


ШолгIа валлалц хан туьйхира Тазиевна 2015-чу шарахь – официалерчу версица, 2004-чу шарахь Басаев Шемалан тобанах дIа а кхетта, "Оьрсийн Федерацин дозанан цхьаалла хийцоран Iалашонца" теракт кечйарехь дакъалаца гIоьртина хиллера иза. 



2021-чу шарахь Тазиевн гIуллакх тешаме векалш а болуш таллийта дуьхьало йира. 2013-чу а, 2015-чу а шерашкахь шозза шена хан тоьхна йолчу Къилбан тIеман гонан кхеле шен тешам цахиларца доьзна ду бохура цо шен дехар. 
Дуьненахь дош лелачу бусулбачу нехан тептаре шозза кхечира Тазиев: 2009-чу а, 2010-чу а шерашкахь. Урдунан паччахьан талламан центран рейтингехь цунах "политик" олу, цо лелочух "Оьрсийчоьнан Къилберчу дозанехь маьрша исламан пачхьалкх кхоллар" санна дуьйцура цара.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *