Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Доьзалехь ницкъбарх йеддачу йоьIан латкъамна тIехула гIуллакх доло дуьхьал хилла ГIалгIайчохь

ГIалгIайчоьнан Несаран кIоштан полици дуьхьал хилла хIусамехь ницкъбарна тIехула 18 шо долчу Гиреева Лайлас чуделлачу орзана тIехула бехктакхаман гIуллакх доло. Гурахь шен доьзалера Санкт-Петербурге йедира иза.


Дуьхьало йаран бахьанаш дуьйцуш дац, низамца бIостанехьа и доллушехь, боху оцу сацамна кхелехь латкъам бан дагахь йолчу "СК SOS" кризисан тобано.


Иштта бакъоларйархоша хаамбо, хIуманаш лечкъийна аьлла Гирееван нанас шен йоьIанна дуьхьал деллачу орзана тIехула долийначу гIуллакхна дуьхьал адвоката Алексеев Марка бинчу латкъам къобалбан а дуьхьал хилира Несаран кIоштан кхел. Нанас чIагIдарехь, доьзалера йодучу хенахь чуьра йеза хIуманаш лечкъийна цо. ГIуллакх долочу йукъанна низам хедийна бохуш дуьйцура латкъамехь, иштта курхаллаш лелийна хилар а – Гирееван гергарнаш ницкъаллин хьукматашца боьзна бу.



18 шо долу ГIалгIайчуьра Несаран кIоштара Гиреева Лайла лахьан-беттан 14-хь къайлаха цIера дIайахара Санкт-Петербурге. Гирееван гергарчара ницкъахойн хьукматашкахь зIенаш хиларца кхерамаш туьйсура цунна. Масех де даьлча йоI лехамашка йелира, хIума лачкъорна бехке а йина.
Лахьан-беттан 23-хь Гиреевас дийцина, Санкт-Петербургерчу петар чу кхача гIерташ, тIаккха ша цIа йига лууш шен гергарнаш бу аьлла. Цо полици кхайкхира, тIаккха иза цара дIайигира. Гиреева полицехь латтийра масех сахьтехь, гIалгIайн МВД-н белхахой схьакхачалц собардеш, цаьрга иза цIа йигийтархьама, амма буьйса йукъайаьлча дIахийцира иза.
ГIуран-беттан 1-хь Гиреевас полице латкъам бира, шена тIехь гуттара а доьзалехь ницкъбо аьлла, гIуран-беттан 16-хь ГIалгIайчоьнан прокуратуро къаьсттинчу контроле ийцира Гиреевас чуделла арз таллар. 




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *