Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ша лачкъорна а, тIехь ницкъбарна а бехкзуламан гIуллакх доладайта иттолгIа а аьтто ца хилла Нохчийчуьра вахархочун

Ша лачкъорна а, тIехь ницкъбарна а бехкзуламан гIуллакх доладайта иттолгIа а аьтто ца хилла Нохчийчуьра вахархочун

Нохчийчуьра вахархо Исламов Хьасан 2019-чу шарахь лачкъорах, цунна тIехь ницкъбарх чуделлачу арзна иттолгIа а дуьхьалойина бехктакхаман гIуллакх айдан Соьлжа-ГIалара Старопромыслан кIоштан кхело.

Кхелан кхеташонехь къаьстина, материал юха а талламаш байта дIайахьийтина хилар. Исламовн интересаш йовзуьйтучу "Iазапашна дуьхьал Командин" юристана, Евстафьева Ксенияна хетарехь, "шеко йац, кхин а тIе таллам бе аьлла йелла хан чекхйаьллачул тIаьхьа талламхочо хьалха а санна процессуалан сацам бийр бац аьлла, ткъа куьйгаллин тIедахкарш цара кхочушдийр дац". Цхьана Iалашонца талламбар дIадахдеш, талламо саботаж лелор ю талламца аьлла хета цунна. ХIинцале а, билгалдоккху Евстафьевас, "дуккха а оьшуш болу барамаш дIахьойла дац: масала, иза лоцуш гинчаьрга хеттарш дан, йа Исламовца цхьаьна чохь латтийнарш бовза".

Ноьвран кIоштара Савельевская станицера вахархо Исламов Хьасан а, цуьнан ши ваша а лачкъийра, цо бахарехь, 2019-чу шеран чиллан-баттахь. Дукха ца вуьтуш ши ваша дIахийцира, ткъа Исламовна тIехь ницкъбинера СИЗО-хь, цул тIаьхьа Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкехь хьайн доттагIашца ницкъахошна тIелетарш дан дагахь вара алий, тIелаца бохуш, хьийзийнера. Ток йеттийтинера, гIаж а, металлопластикан шланг а йиттинера, тIе мийраш биттинера.

Iазапаш хьегийтинчул тIаьхьа Нохчийчуьра Заводской кIоштан полицин декъо гараж чу воьллинера Исламов, цу чохь ши бутт баьккхира цо, цхьа буьйса – гIоьмашца биргIех тесна ирахь. Иштта ницкъбинера цуьнан доттагIчунна тIехь а, Исламовс дийцарехь, цу гараж чохь ницкъбар хIора буса хуьлура.

2019-чу шеран зазадокху-беттан юьххьехь дийцадаьккхира зорбанашкахь Исламов а, цуьнан ши доттагI а лацарх, "Исламан пачхьалкхан" агIончаш олура царех материалашкахь. Хаамбора, цаьргара герз даьккхина, бомбанаш муха кечйо хьоьху инструкцеш а йаьхна бохуш. Бакъду, документаш тIехь йаздарца, Исламов лаьцна 21I9-чу шеран охан-беттан 1-чохь.

2022-чу шеран охан-баттахь иза бехкевира бакъо йоцуш герзашца тоба вовшахтохарна а, герз латторна а, ялх шой, ах шой хан туьйхира цунна чохь йаккха, кхелехь шена тIехь ницкъбина дайтина мукIарло баьхнехь а.

Кху шеран дечкен-баттахь Кавказ.Реалиино зорбане йаьккхира, социалан машанехь йитинчу комментарийна тIехула Нохчийчохь Iазапаш хьегначу стагаца интервью. Бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино билгалдоккху, дукхахболу шайна тIехь ницкъбина нах дуьхьал хуьлу цунах лаьцна дийца, шаьш маьрша девллехь а, пачхьалкхера арадовла ницкъ кхаьчнехь а, шайн цIераш йохур йац бахахь а, уьш кхоьру даймахкахь бисина шайн гергара нах хьийзорна.

Нохчийчуьра Алхазов Аюб а, Тазабаев Рамзан а кхелхира, махкарчу полицин декъехь Iазапаш хьегначул тIаьхьа. Ницкъахоша лачкъийна вигина, хьийзийначул тIаьхьа ца ваьллачу денна Оьрсийчуьра дIавахначу Алхазов Мубарикан деваша а, стунда а вара и шиъ.

Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центро тIечIагIдира Iалхан-ГIалара 25 гергга вахархо дечкен-беттан 8-чохь кадыровхоша лачкъор. Кадыровхоша шаьш ца довзийтинера, дуьхьал хилира гергарчийн хеттаршна жоьпаш дала а, муьлхачу декъера ду ала а. Лачкъийна божарий стенга буьгу а ца дуьйцуш, къайлабехира. Лачкъийначарлахь – СолсаевгIеран вежарий Хьамзат а, Леча а вара, мехкан Iедална критика йарна Соьлжа-ГIалахь царна тIехь ницкъбо аьлла, тIечIагIдира церан гергарчо. Иштта Iазап хьегийтинера лачкъийна вигинчу кхин цхьанга а, Мусаев Iусмане; тIаьхьо лачкъийна бигинера цуьнан гергарнаш а.

"Новая газето" беш таллам бу лечкъийна бигина, Чалаев Замида буьйралла дечу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан ларми чохь байинчех. Оцу полкан хиллачу белхахочо Гезмахмаев Сулеймана тIечIагIдинера, мел лахара а 13 стаг вийна хилар. Цо бахарехь, Соьлжа-ГIаларчу Кадыровн цIарахчу полкан территори тIехь бакъо йоцуш нах латтабо, ницкъбо, Iедална гергахь "бехкала бахнарш" бойу. 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, рогIерчу къизачу зуламех тоьшаллаш зорбане даьхначул тIаьхьа, Чалаев Замидна Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира.

"Дерриг дуьненан рапорт - 2023" зорбане даьккхина Дуьненаюкъарчу бакъонашларйаран Human Rights Watch (HRW) организацино –доллу дуьненара адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Оьрсийчоьнна леринчу декъехь билгалдаьхна шога адамийн бакъонаш Нохчийчохь хьоьшуш хиларх. Бакъонашларйархоша тергойина "къинхетамза Iа лакъош хилар муьлххачу шена хетарг олучу стеган", цу юкъахь ду лецарш, пачхьалкхера дIабахначу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарчаьрца магийна йоцу харцо лелор, цаьрга гечдарш дехийтар.

Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, дохку бехкаш тIе ца дуьту Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Традиционный турнир по кудо в Нижнем Новгороде собрал более 200 спортсменов из разных регионов

Турнир памяти каратистов прошел в Электростали

Находящийся на ремонте теплоход «Ломоносов» загорелся в Архангельске

Годовой объем рынка легальных ставок на спорт в Японии в 2023 составил €48,4 млрд

Музыкальные новости

В медорганизациях Москвы работают около 50 тыс. медсестер и медбратьев — Собянин

Продвижение Песен, Музыки, Стихов ВКонтакте. Способы и методы увеличения прослушивания песни, музыки, стихов ВКонтакте.

Волга вошла в рейтинг самых живописных рек России

Дети из Узбекского землячества Бурятии увидели театр кукол «Ульгэр»: Россия и Культура

Новости России

Президент РФ: мы должны больше сближаться с нашими партнерами по СНГ

Во Владимир 16 мая прибудет Казанская икона Божией Матери

В Москв таксист опоздал на вызов к пожилому пассажиру и прострелил ему бедро

Арсенал — музей года

Экология в России и мире

Новые дорожные ирригаторы Revyline RL 630 Peach Fuzz поступили в тюменский филиал

Пенсионерка из Новосибирска пародирует звезд на фото, получается похоже и смешно

Где находится самая северная страусиная ферма в мире?

Сергей АРУТЮНОВ на своём сольном концерте в Государственном Кремлёвском Дворце презентовал дуэт с Родионом Газмановым. Артисты вместе исполнили хит “Люси”

Спорт в России и мире

Азаренко вышла в 1/16 финала турнира WTA-1000 в Риме

Первая ракета мира Джокович получил бутылкой по голове после матча в Риме

Теннисист Хачанов вышел в третий круг "Мастерса" в Риме

Финалистка юниорского Уимблдона-2023 получила временное отстранение за допинг

Moscow.media

Ко Всероссийской акции «Георгиевская ленточка» присоединились сотрудники вневедомственной Росгвардии по Московской области

Сервер российского вендора DатаРу прошел сертификацию и показал рекордную производительность при работе с SAP HANA

Утро на озере...

При силовой поддержке столичного спецназа Росгвардии задержан домушник, маскировавшийся под курьера службы доставки







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *