Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо дийна ву – нохчийн бакъонашларйархой

Оппозицин нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо, иза волу меттиг хууш йацара лахьан-бутт бовш дуьйна, дийна ву – цунах лаьцна дIахьедина "Новая газета.Европа" хьасте бакъонашларйаран "Вайфонд" ассоциацихь.


Организацихь дийцина, Абдурахмановс ша телефон туьйхира шайга, "юридикан цхьацца хеттаршна тIекхиархьама".


"Тхуна хетарехь, тамаш бу цхьацца хIуманах цо комментарий йахь къайладахьа дезаш хиларна. Иза дийна ву, самукъане а ма вара. Кеста массарна а гур ву иза, суна хетарехь, иза ша вайца зIене вер ву", - тIетоьхна ассоциацин векало.



Нохчийн аккаунташа социалан машанашкахь массанахьа а даржийра Абдурахмнов Тумсо лахьан-беттан 29-чохь вийна бохуш. Уьш массо а тIетийжара, блогеран лулахо ю ша, цуьнан цIа чуьра герзаш хезира шена бохуш, дийцинчу йевзаш йоцчу нохчийн зудчунна. Делахь а, Нохчийчуьра бахархоша, Швецихь Абдурахмановна гена боццуш бехаш хиллачу, дийцира Кавказ.Реалиина, иза вехачу кIоштахь полисхойн, йа лоьрийн машенаш йацара аьлла.
2022-чу шеран гIуран-беттан 5-чохь оппозицин 1АДАТ телеграм-канало пост хIоттийра, Абдурахманов вер тIечIагIдина аьлла. Публикацихь далийна цхьа а тоьшаллаш дацара. ХIетте а церан версина тIетайра Европера нохчийн диаспоран цхьахволу векал Масхадов Анзор – шен хьасташна тIетевжира иза.
Швецин полицино дуьхьало йира Абдурахманов вийна хилар тIечIагIдан а, бакъ дац аьлла, комментарий йан а.
Масех де даьлча Нохчийн Ичкерия республикан арахьарчу Iедалан пресс-гIуллакххоша дIахьедира, Абдурахманов дийна а ву, Швецин Iедалхоша ларвеш а ву аьлла. Иштта, Тумсо дийна хиларх хаамбира "Шведахойн радионо" а, Мюнхенера Лакхарчу лаьттан кхелан пресс-секретарна Лафлер Лоранна тIетевжина.
2020-чу шеран чиллан-баттахь кIело йира Абдурахманов Тумсона Швецехь цуьнан петар чохь. Блогеран ка йелира тIелеттачуьнан карара жIов схьа а йаьккхина, полици кхайкха Оцу гIуллакхехула 2021-чу шеран гIуран-баттахь кхел йира. ТаIзар динарш бу – Оьрсийчоьнан бахархой. Билггал иза вен кхайкхийнарш муьлш бара ца къаьстира, амма кхелехь прокуроро дIахьедира, "лараша Соьлжа-ГIала вуьгу" аьлла.
Абдурахманов Тумсона тIелатар динчу нахана кхел йинчул тIаьхьа юкъахдаьккхира Германихь волчу цуьнан вешина дан лерина хилла тIелатар. Бакъоларйархочо бахарехь, иза вер тIедожийна хиллера, Кадыров Рамханан шича ву бохучу Эдельгериев Паруддина. ГIуран-бутт бовш Абдурахманов Мухьаммада дакъалецира рогIерчу кхелан кхеташонехь. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *