Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчуьра гей Арсамиков дIахеца аьлла кхайкхамбина Европарламентан депутаташа

Европан праламентан LGBTI Intergroup форуман декъашхоша кхайкхамбина Нохчийчоьнан Iедалхошка, республикера ведда Арсамиков Идрис маьршаваккха аьлла. Шен хаамехь политикаша билгалдоккху, даймахкахь иза вен мега, цуьнан ориентаци бахьана долуш аьлла. Къаьсттина сагатдойту, Европарламентан декъашхошна хетарехь, Iаткъам бина "зуламна мукIарло деш" дIайазйинчу видеоно.


"Нах лецар, сецор, ницкъбар – Оьрсийчоьнан гIирсийн арсеналехь лелош хIума ду. Оха кхайкхамбо, маса маьршаваккха Идрис, шена кхерамзе йолчу меттиге юхаван цуьнан таро хилийта", - аьллачу Европарламентан депутатан Бьорка Малинин дешнаш далийна организацин сайто.


Европарламентан штатехь воцчу декъашхочо Массима Фабиос бахарехь, депутаташ лерина бу ЕС-н институташка бовла, и хаттар уггар коьртаниг а дина листа аьлла. Цо кхайкхамбина Iедале, муьлхха а дипломатин каналех пайда а эций, "Идрис дIахецийта" аьлла.


Иштта шен твиттерерчу агIонехь Арсамиковн хьолана саготта хилар хаийтина Францин ЛГБТ-нехан бакъонашкахула волчу векало Бертон Жан-Марка. "Цуьнан кхерамзалла а, коьрта бакъонаш а лара аьлла, кхайкхамбо Франицно", - йаздина цо.


Чиллан-беттан 15-чу буса Домодедово аэропортехь лаьцна Арсамиков Идрис нохчийн полисхойн каравелира, цара стенга вуьгу а ца дуьйцуш, къайлаваьккхина иза. Шо хьалха шен ден тезета веанера Арсамиков. Цул хьалха Нохчийчохь лаьцнера иза борша стагаца уьйр хилла аьлла, шега Iазапаш хьегийтича, дIаваханера иза Нидерландашка. Нохчийн ницкъахоша схьадаьхнера цуьнгара доллу кехаташ, иштта Нидерландашкахь делла документаш а.



Нохчийчохь масийттазза тIехь ницкъбинера цунна. Бакъонашларйархоша билгалдоккху, Нохчийчохь вен кхерам лаьтта Арсамиковна бохуш.
Арсамиков лаца ориентировка йелларг Шелковскан кIоштан полицин декъан куьйгалхо Геремеев Рустам ву, 2015-чу шарахь лехамашка велла, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтоьхнарг ву бохучу Геремеев Русланан ваша.
Чиллан-беттан 17-чохь Шелковскан кIоштахула йолчу ОМВД-н белхахоша шайн гIишло чу ца битира, лаьцна Арсамиков ган лууш баьхкина адвокаташ, ца йелира царна цунах лаьцна цхьана а кепара информаци.



Иштта чиллан-беттан 17-чохь Арсамиков Идриса ши видео арахийцира – цу тIехь шена Iаткъам бича вистхуьлу иза бакъоларйархошка, церан гIо ца оьшу а олуш. "Тхан шеконаш ю, и видео бертаза дIайазйайтина аьлла: риторикано а, дешнаша а, хьалха хиллачо а, оцу кепарчу хиламаша а гойту, йоккха гIовгIа иккхина дела цуьнга и видео нуьцкъаша йазйайтина аьлла", - дийцина оцу видеох лаьцна CK SOS кризисан тобано.  

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *