Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ненан бакъонаш дIайохучу гIуллакхехь ГIалгIайчуьра кхело ненан агIо лаьцна

ГIалгIайчуьра кхело дуьхьало йина Тхостов Русланан меттигерчу йахархочунна Гандалоева Любина дуьхьал, цуьнагра ненан бакъонаш дIайахар доьхуш чуйелла иск къобалйан. Хьалхо цуьнан хиллачу хIусамдас Тхоствос Оьрсийчуьра дIадигира шайн диъ бер. Гандлоевас дIахьедора, шеца бертахь ца дигина цо бохуш. Кавказ.Реалии сайто йаздира оцу кхелан къовсамах.


Малгобек гIалин кхеле чуйеллачу искехь Тхостов къар ца лора, Гандалоевас шен декхарш кхочуш ца дина ца Iаш, низамехь доцуш берашна догIу ахча а шена дитинера аьлла. Зудчо чIагIдора, Польшехь вехачу шен цIийнда хиллачо дуьхьло йо шена бераш гайта, кест-кеста церан бакъонаш хьоьшу – дуьйцург ду берашна йеттар а.


Ненера бакъонаш схьайаха бух ца карийра суьдхочунна Батырова Фердовсана, цо хаамбина, нана бершаца зIене а ца йолу алименташ ца ло бохург а, бакъ ца хилла.


Гандалоеван интересаш Iалашйечу юристо Селезнева Екатеринас хаамбарехь, Тхостовгара ден бакъонаш схьайахийта иск чуйала лерина иза.


Шийтта шарахь цхьаьна даьхна Тхостов а, Гандалоева а. Оцу хеначохь церан кхо йоI хилла: Лидия (2004 шарахь), Тамара (2006 шарахь), Фаридэ (2013 шарахь), иштта кIант СаьIид (2009 шарахь) а. Гандалоевас дийцарехь, хIорш цхьаьна беха итт шо даьллачу хенахь цIийндас дIахьедина хиллера, ша шолгIа зуда йало дагахь ву аьлла. Люба реза ца хилира, тIаккха хIусамдас йита а йитина, да-нана долчу дIайигинера иза.



2019-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело юхаметтахIоттийра Магомадова Зелихин ненан бакъонаш, иштта цуьнан бераш юхадалийра – цул а ялх шо хьалха марвашас Болатханов Эласолтас схьадаьхнера уьш цуьнгара. 30 шо долчу Магомадовас чIагIдора, 2010-чу шарахь шен марвежарша арайаьккхинера ша, шайн вешех йисина  Нажин-Юьртан кIоштара Бетти -махкарчу хIусамера – цара бехкейира иза берашка ледара хьожу аьлла, дихкира берашна гергайан а. Воккхахчун 13 шо дара, жимчун – диъ шо. Нохчочун интересаш Iалашйеш йара "Бакъонан инициатива" проект.
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам бира Нохчийчуьра йахархочун Тапаева Луизин гIуллакхехула. Шен диъ бер шеца дитийта хьийза иза, цуьнан кхелхинчу майрчун вашас схьадаьхна уьш цуьнгара. Оьрсийчоьнан кхелашкахь шен бакъонаш къовса гIоьртира иза, амма Нохчийчохь йа берийн дехошкахьа бовлура, йа ненехьа бина сацам кхелан пурстоьпаша кхочуш ца бора. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *