Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Германехь синагогина тIелатар кечдарна бехке хетта волу нохчо бехказаваьккхина

Нохчийчуьра Байсагуров Зелимханан цIарах Германехь кечдан долийна бехктакхаман гIуллакх сацийна. Цигарчу Iедалан шеконаш йара, 2020-чу шарахь Байсагуровс Берлинерчу синагогина тIелатар дан кечам барх. Иза дуьйцу "Вайфонд" нохчийн бакъоларйархойн цхьаьнакхетаралло.


2020-чу шарахь дечкен-беттан 14-хь Берлинерчу синагогина зулам дан кечбеллачарех тера хетта, Нохчийчуьра йалх вахархо дIалецира. Цуьнан бахьана кегийрхойх цхьаннан телефон теллича, полисхошна карийна тоьшаллаш дара, аьлла дийцира Германерчу зорбанаша.


ДIалаьцнарш берриге дIахийцира. Амма Байсагуровн гIуллакх пачхьалкхан прокуратурехь масех шарахь толлуш, латтийра.



2020-чу шеран дечкен-баттахь нохчийн Vayfond бакъонашларйархойн ассоциацино дIахьедира,Германин Iедалхошка ма-хуьллу сиха цу берашна долийна гIуллакхаш совцадойтур ду шаьш, уьш а, церан нах а къинтIерабохуьйтур бу аьлла. Цул совнах, къаьмнашлахь питанаш лелорхьама и дерриге долийнарг жоьпе кхойкхур ву шаьш, бохуш.
Нохчийн мухIажаран Гериханова Аминин гIуллакх Шенгенан хаамийн (SIS)-гIирсо шен агIонашкара дIадаьккхина. Хьалхо Интерполо лехарна Германехь сацайан тарлора иза. ХIинца Гериханова Iедало лохуш йац.
Хорватехь иттанаш нохчий дIалаьцна аьлла хаам хилира гIадужу-беттан йуьххьехь. Царех цхьаболчарна ницкъ бинера, царна кхерамаш тийсинера, уьш дастаме къамелаш деш, хьийзийнера, дийцира Европерчу нохчийн цхьаьнакхетараллин ("Ассамблея чеченцев Европы") векало Дадуев Iийсас.
Нохчийчохь военкомате кхойкхуш кехаташ деъча, ведда сехьаваьлла ши нохчо а ву Австрерчу депортан набахтехь. Уьш Хорвате йухабахийта кечбеш бу. Цигара Оьрсийчу дIахьажон кхерам лаьтта. 




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *