Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Актерна Дебишев Тимурна тIехь ницкъбарна гIуллакх ца долор низамехь лерина Соьлжа-ГIаларчу кхело

Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштан кхело низамца догIуш лаьрра, полисхоша шена тIехь ницкъбина аьлла нохчийн актера Дебишев Тимура дина дIахьедарна тIехула гIуллакх долон дуьхьал хилар. 13-зза дуьхьало йеш сацам бинера талламхоша – "Iазапашна дуьзьало латтон Команда" гIитира и сацамаш къийса. 


Кавказ.Реалиин сайте бакъоларйархоша дийцина ма-хиллара, ницкъа а беш, хIуманаш лечкъош, полисхой шайн бакъонел сов бовларна тIехула луьстуш бара и латкъам Нохчийчухула йолчу Талламан комитетан урхаллин вуно ладаме долу гIуллакхаш талларехула долчу декъан талламхочо Абдулхаджиевс. Цо рогIера дуьхьало йира гIуллакх долон. ТIаккха цунна латкъам бира кIоштарчу кхелехь.


"Iазапаш лелорна тIехула эвсара, кхоччуш таллам бан талламхой реза ца хуьлу меттигаш сих-сиха нисло тхуна. Дебишевн гIуллакх а ду ишта. Латкъамехь оха дагардина, талламхочо дан дезаш мел хилларг, амма цо ца динарг. Масала, Дебишев декъе схьавалийна йолу машен билгал ца йаьккхина, ницкъахоша йелла кийтарлонаш копеш йаьхча санна вовшах тера йогIуш хиларна мах ца хадийна", – дийцира "Iазапашна дуьхьало латточу Командан" Къилбаседа Кавказерчу филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.


Таллам ледара хиларх лаьцна долчу хеттаршна тидам а ца бина Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кхело – талламхочун сацам оцу кепара низамехь а лаьрра. "Iазапашна дуьхьало латторан Команда" и сацам апелляцехь къовса дагахь йу.



Дебишев Тимура "Iазапашна дуьхьало латточу тобане" арз дира 2018-чу шеран лахьан-баттахь Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу полицин декъехь гIело йина шена, аьлла латкъам а беш. Цига иза валийна хиллера наркотикаш юхкучу йоIан телефонехь язйина цуьнан номер ю аьлла. Дебишевс бахарехь, полисхоша ток йеттара цунна, пенах корта беттара, садукъадора, сийсазаллаш лелайора, шайх цхьаъ гехь лелавойтура, наркотикаш лелочу нехан контакташ йийца бохуш.
2021-чу шарахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело низамехь боцуш лерира Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштан кхело бина сацам – цо бух болуш ду аьллера гIаларчу театран актерана Дебишев Тимурна тIехь ницкъбарна тIехула гIуллакх цаделлар. 




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *