Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIалгIайчохь бевзаш боцчу наха юха а герзаш диттина полицин белхахошна

ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIоштахь муьлш бу цахуучу наха герзаш диттина полицин белхахоша, цул тIаьхьа къайлабевлла уьш, оцу кIоштахь контртерроран операцин раж кхайкхийна.


The Magas Times телеграм-каналан хаамашца, инцидент хилла оханан-беттан 3-чохь суьйранна 16:50 минот хан йаьллачу заманчохь. Хаамбарехь, полицин белхахой Малгобекан йистехь ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь полицин постана чиллан-беттан 27-чохь герзаш диттина нах лоьхуш хиллера. Бехке хетарш герзаш а тоьхна, цхьахволу полисхо лаза а веш, машенахь къайлабевллера.


Mash Gor телеграм-каналан информацица, тIелеттарш, хетарехь, пхиъ хиллера, ВАЗ-2105 машенахь а хиллера уьш. "ЧП Кавказ" телегарма-канало йаздора, тIехь номерш йоцчу ВАЗ-2107 шина машенахь дIабахара уьш бохуш.


Малгобекан кIоштахь контртерроран операцин раж кхайкхош сацам бинера махкарчу ФСБ-н урхалло, дийцира пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло. Ишта хьасто хааамбира, полицин белхахой кхин дIоггара чIогIа лазийна бац аьлла.



Зазадокху-беттан 27-гIа буьйса юккъе йахначу хенахь ГIалгIайчоьнан Наьсаран кIоштахь полисхойн постана тIе герзаш диттинера бевзаш боцчу наха, цул тIаьхьа къайла а бовлуш. Кантышево эвлан галморзехь ДПС-н пост тоьхначу меттигехь динера тIелатар. Mash Gor телеграм-каналан хаамашца, мел лахара а кхоъ хиллера тIелеттарг, уьш детин басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь хиллера. Виъ вара тIелеттарг бохуш, дуьйцура. Шина полисхочунна чевнаш йира.
Къилбаседа ХIирийчуьра ДПС-н постана тIелеттачех хила тарло аьлла, лаца кхайкхийна ГIалгIайчуьра вахархо Эльдиев Рамазан зазадокху-беттан 29-чохь велла карийра Карабулакехь. Пачхьалкхан "Интерфакс" агенталлин хьасташа дийцарехь, иза велла хила тарло герзаш дIасадеттачу хенахь йинчу чевнех.
Зазадокху-беттан 27-чохь ГIалгIайчоьнан МВД-н урхалло лаца кхайкхийра махкара кхо вахархо терроризмана бехке ву аьлла, шеконаш кхолалйелла, вара царлахь Эльдиев Рамазан а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *