Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ХIусамненера схьадаьхначу берашна йеттарна кхел йина Нохчийчуьрчу вахархочунна

Хьалха а чохь ваьллинчу Устаев Адамна Нохчийчуьрчу кхело набахтехь йаккха диъ шо хан тоьхна. Иза шен берех летар дара цунна бехке диллинарг, дийцира Mash Gor гIирсо оршот дийнахь, шайга хаам бинчу хьостанан цIе а ца йоккхуш. Кавказ.Реалии сайтана и сацам Соьлжа-ГIалин Ленинан кIоштан кхелан сайтехь карийра. Документо и сацам гIуран-беттан 15-хь бина хилар гойту.


Кхелан сацамехь аьлла ма-хиллара, Устаевс 1999-чу шарахь дуьйна схьа шеца Iаш йолчу шен хIусамнанна даимна йетташ хилла. И бахьана долуш, иза шен бераш эцна, цIийнден хIусамера дIайахна важа. Mash Gor телеграм-канало дийцарехь, и дIасакъастар 2016-чу шарахь хилла ду, Кавказ.Реалиин хаамшца цхьаьнадогIуш а ду.


ТIаьхьо цуьнан цIийндас гергара нах девнна йукъаозор бу ша бохуш кхерамаш тийсина, йоI, кIант дIадаьккхира цуьнгара. Ненаца уьйр латтон цо царна магош ца хиллера. Нагахь уьш къайлах ненах кхеттийла хиъча, цо царна йетташ хиллера, церан синошна ницкъ беш хиллера. Кхелан сацамехь охьадагардина ду 20-зза берашна цо таIзарш дар. ЙоьIан 18 шо кхаьчна, кIант дикка жима ву.


"Кхерийна, инзардаьхначу бераша шайн нене телефон тоьхна, дерриге дIадийцина. Важа меттигерчу полицин белхало валош, бераш дIадига йеана. Бераш, йеттар бахьана долуш, стресс хилла аьлла, реабилитаци хьовсийна", –боху Mash Gor. 


Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан артиклан шина декъаца Устаевна колонехь йаккха ворхI шо хан тоха йогIура. Кхин а ши шо - могушаллина зе дарна, вер-ваккхаран кхерамаш тийсарна. Амма и исс шо ца тухуш, иза диъ шо хан тоьхна, витина. 


Бехкевинчо шен бехк тIе ца лаьцца. ХIусамнанас балха йахчхьана, бераш дIатеснера, чуьра гIуллакх ца дора, аьлла дIахьедар дина цо. Цуьнан адвокаташа цо шен бераш "нохчийн ламастийн хоршахь кхиош дара" бохуш иза бехказаваьхна. 


Устаев хьалха а чохь ваьллина вуйла хууш ду. "Чечня сегодня" агенталлин сайто дийцарехь, хьалхлера хан цунна 2017-чу шарахь тоьхна. Цу хенахь цунна бехке диллинарг Iедалхочунна ницкъ бар дара. Ша дой хууш Iедалхочун могушаллина зе дарна, цунна йукъарчу рожехь даккха ши шо ахшо туьйхира. Амма тIаьхьо иза хенал хьалха аравелира. 



Къилбаседа Кавказерчу божаршкахь марехь хиллачу зударша сих-сиха дехарш до нанойн бакъонаш ларйарехь гIо доьхуш, дукха хьолахь - царна и гIо ца кхочу. Нохчийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу, наггахь Дагестанерчу кхелаша, бераш шайн дайшца дита магош сацамаш бо - меттигерчу менталитетийн, ламастийн башхаллашца доьзна ду и, боху Кавказ.Реалии сайтаца къамеле бевллачу доьзалийн гIуллакхаш лелочу юристаша. 




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *