Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчуьра некъаш минех цIандеш ши эскархо иккхина - Зорбанаш

Нохчийчуьрчу Шела гIалин йисттехь некъаш тIера минаш лохуш ши эскархо иккхина. И шиъ тайп-тайпачу чевнашца госпитале кхачийна.


ASTRA телеграм-канало дийцарехь, инцидент  хилла охан-беттан 27-хь. Цу дийнахь лазийна Санкт-Петербургера "Центр гуманитарного разминирования" белхало  А.Михаил, 33952 эскаран декъан саперийн батальонан цхьана ханна хIоттийна буьйранча  П.Дмитрий Девзачу хьостанаша дийцарехь, и дакъа Нохчийчуьра Наур кIоштан Калиновская станицехь лаьтташ ду.


Baza телеграм-канало дуьйцу, Шела-гIалин йисттехь долу некъаш мина хаайелча, эскархоша минех дIацIандина бохуш. Буьйранчин дарж цхьана ханна лелориг куьйгашна, когашна чевнаш йеш лазийра, техникан дегIана таммагIнаш хилира.


И хаам официалера бац. Калиновская станицерчу администраци  Кавказ. Реалии корреспонденто телефон тоьхча, цхьамма жоп ца делира.



2020-чу шеран жамIашца, Къилбаседа Кавказехь бохийна дIабаьккхина пхи эзар сов герзан гIирс а, эккха кхерам болу чалхаш а. Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а стигалкъекъа-баттахь эскархошна карийна 70 сов эккхакхерам болу гIирсаш: миннаш, тайп-тайпа бомбанаш, гранаташ, кх. дI.
Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан латтанаш лелхачу гIирсех дIацIандар 2012-чу шарахь дуьйна дIадолийна ду. 2018-чу шарахь цигарчу сапераша 5,5 эзар сов эккха гIирс бохийна.
Нохчийчохь хилла шоллагIа тIом официалехь "терроризмана дуьхьала операци" аьлла цIе тиллина бара. 1999-чу шарахь, марсхьокху-беттан 7-хь дIайолайелира иза, чекхйелира 2009-чу шарахь, охан-беттан 16-хь, КТО раж дIадаккхарца. Цу тIеман бахьана Басаев Шемалан, Хаттабан тобанаш Нохчийчуьра Дагестане йахар лору. Цигара тIеман хиламаш, 1999-чу шеран марсхьокху-беттан йуьххьехь дIабуьйлабелла. Цкъа хьалха Ботлихан кIоштахь, тIаьхьо Новолакск кIоштахь  а. 




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *