Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыров Ахьмадах лаьцна йоза дитарна Кемеровера жигархочунна дуьхьал гIуллакх долийна

Кемерован кIоштара Анжеро-Судженск гIалара вахархочунна Тарышкин Олегана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, цо терроризм бакъйарна. Бахьана лерина, 2004-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу стадионехь хиллачу эккхийтарехь вийначу Нохчийчоьнан президент хиллачу Кадыров Ахьмадах лаьцна социалан машанашкахь йитина комментарий.


Жигархо лецира меттигерчу дарбанан цIийнехь зазадокху-беттан 27-чохь, цигахь дарба дойтуш хиллера иза шена.


Полисхоша а, ФСБ-н белхахоша а теллинера "ВКонтакте" машанахь цо мел йазйина хилла комментарий, йаздо" ОВД-Инфо хьосто, жигархочунна тIетевжина. ДIасавалар доьхкуш, сацам бина Тарышкинан хьокъехь


Хьалхо "Искра" ютуб-каналана йеллачу интервьюхь дийцинера жигархочо шена тIаьхьаболвларх. Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Росфинмониторинго хIоттийначу террорхойн а, экстремистийн а тептаре йазвира иза. Интернетехь цо дечу къамелашна тIехула хьалхо а шозза гIуда тоьхна а ву Тарышкин, дуьйцу ОВД-Инфо-с".



Дечкен-беттан юьххьехь социалан машанехь комментари йитина аьлла, лачкъйира 17 шо долу Теркйистера Борзункаев. Ткъа Эвтарахь лецира 19 шо долу Усманов Iусман. И ший а латттош волу меттиг хууш бац. Телеграм-каналан хаамашца, Шела кIоштарчу полцин декъехь латтош ву и шиъ. ТIехь ницкъбина, бертаза мукIарло дайтина цаьршинга, полисхой байъа дагахь вара шаьшиъ аьлла.
Дечкен-бетан юьххьехь Шинасуьйра-юкъара (Пригородное) 25 шо долу Яхъяев Iела а вигира лаьцна, социалан машанехь коммент йитина аьлла. Нана а яра цуьнан цомгаш.
Чиллан-беттан 2-чохь Iораделира Соьлжа-гIалара 17 шо долу Исраилов Билал а, Iела цIе йолу кIант а лачкъийна вигина аьлла. Каналан информацица, оппозицин дог-ойла хиларца доьзна чохь латтош ву и шиъ.
Чиллан-беттан 5-чохь шайн чуьра араваьккхина дIавигира ГихтIара 60 шо долу Цицаев Сурхо, лайк хIотторна. Цуьнан цIенна го а лаьцна, хIусамера масаьргара а телефонаш дIа а лахьийна, бакъо йоцуш церан цIийнах хьоьвсинера уьш, гинчара дийцарехь. ТIехьа-Мартанан кIоштарчу полицин декъехь латтош ву иза аьлла, хеташ бу каналан авторш. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *